ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Бехк цхьаммо а тIе ца лоцу". Ницкъ бина вийначу Джабиев Иналан кхел хьеярх


Сотиева Оксана
Сотиева Оксана

Йозуш йоцу республика аьлла, дIакхайкхийначу Къилба ХIирийчуьрчу ницкъаллийн структурийн гIишло чохь хеттарш дечу заманчохь стохка аьхка веллачу Джабиев Иналан доьзало Оьрсийчуьра шолгIа адвокат юкъаозийна. Аккредитацига хьоьжуш цкъачунна Цхинвалехь ву иза. Джабиевх йисинчу Сотиева Оксанинан хетарехь, кхелан процесс йолор хьедина.

Кхелехь шайн интересаш Iалашъян Джабиев Иналан доьзало лаьцна шолгIа адвокат Оьрсийчуьра ву. "Эхо Кавказа" портале Сотиевас хаам барехь, республикехь шена аккредитаци схьаяларе хьоьжуш ву иза.

Адвокатан балхах лаьттачу низамо ма хьоьхху, "арахьарчу пачхьалкхийн адвокаташа регистраци ян еза Къилба ХIирийчоьнан Республикан юстицин министраллехь леринчу реестрехь, цунан къепе лелор Къилба ХIирийчоьнан Iедалхоша билгалйоккхуш ю". Оцу къастийначу реестрехь регистраци яцахь, арахьарчу пачхьалкхийн адвокаташна дихкина ду Къилба ХIирийчоьнан Республикан дозана тIехь болх бан".

Ши кIира сов хан ю, Сотиева Оксанас бахарехь, юстицин министраллан сацаме ладоьгIуш адвокат волу.
Урхаллан белхахоша массо а хеттаршна жоп ло: арахьарчу гIуллакхийн министраллехула кехат дахьийтина шаьш, Оьрсийчохь иза болх беш хиларх информаци тIечIагIъяр доьхуш, цаьргара жоьпе хьоьжуш ду шаьш олий.

Къилба ХIирийчуьра адвокат Санакоева Диана а ю иштта доьзалца юкъахь болх беш. Джабиев Иналах йисинчо дийцарехь, болх хIинца а болийна а воцчу шолгIачу адвокатна хIинцале а кхерамаш тийсина муьлш бу цахуучу наха:

"Цо ша соьга схьа аьлла хIума дац, амма оха юкъарло дийцинчу стага элира соьга, иза кхуза вогIучу заманчохь, цуьнга телефон тохарх, нагахь санна, хьо кхуза вагIахь, хьан яккхий проблемаш хир ю аьлла. Иза юха дIавахча а, кхерамаш тийсина хиллера цунна, кхин цкъа хьо вагIахь, шаьш сингаттам боккхур бу бохуш. Ша цхьаннах а кхоьруш вац, и шен болх бу, долийнарг ша чекхдоккхур ду аьлла хилла адвокато. Со дог тешна ю, юстицин министралло цунна бакъо лур а ю, иза тIе а вуьтур ву, аккредитаци а лур ю аьлла. Цхьаболчийн шеконаш ю, цунна аккредитаци лур ю бохучух, кхузахь низамашкахь доцуш хIуммаъ а ма дац. ХIоранна а бакъо ма ю шена адвокат кхайкха. Бехкебечеран кхечу махкара адвокат лаца бакъо хилча, тхан хIунда яц изза бакъо?"

Кху шеран Зазадокху-беттан 6-чохь мехкан Инарла прокуратурано дIахьедира, Джабиев Иналан гIуллакхехула болу талламаш бина девлла шаьш аьлла. Цул тIаьхьа бехкебийраш а, зен хилла агIо а талламхойн материалаш йовза буьйлабелира.

"Суна схьахетарехь, Охан-беттан 8-чохь йолаелира со и кехаташ деша, ткъа 13-чохь елира со. Адвокатна дIатесира ас йоллу материал, суьрташ а дохуш, флешки тIехь дIакхачийра. Иштта йовза аьтто хир бу цуьнан гIуллакхан материалаш", - дуьйцу Сотиевас.

Оцу гIуллакхехь цхьа могIа цхьана ца догIург карийра цунна: "Со цецъелира, инарла прокуроро (Джагаев) пачхьалкхан телехьожийлехула, Инал дарбан цIийне дийна а волуш, кхачийра, цул тIаьхьа 15 минот яьлча, кхин метта а ца вогIуш, велира иза аьлла, дIахьедича. Изза элира цо, Инал кхелхина 40 де даьлча, тхо президент волчу хьаладевлча, ГIадужу-беттан 6-чохь а. Цигахь а харцдерг дийцира цо, дийна а волуш вигира иза дарбан хIусаме аьлла. Цига вуьгучу заманчохь са чохь ца хиллера иза. Делкъанна 13:52 минот яьллачу хенахь вежарийн ГубаевгIеран цIарх болчу урамерчу криминалан милицин адресца кхаьчначу лоьраша тIечIагIдинера, иза цигахь велла хилар. ШолгIа мIьарго, эксперт Дзагоева дуьхьал хилира кхелан-медицинан экспертиза ян бохург. Инарла прокуроро ша схьаэлира тхоьга иштта. Ткъа гIуллакха юкъахь документ ду. Дуьхьало ярх ду кехат, амма экспертиза ян дуьхьало ца йина цо, жамIаш деш документ яздан реза ца хилла иза. Прокуратуре ша схьаехна экспертизаш шега схьа ца кхачаяхь, ша яздийр дац аьлла хилла цо. Химин а, химико-токсикологин а экспертизаш ю и юьйцурш. Амма дуьхьало ца йинера цо, ткъа кхара бахара, шайгахь Дзагоеван дуьхьало яран кехат хиларе терра, шайн бакъо яра экспертиза кхечу пачхьалкхе дIахьажон".

Шен хIусамден гIуллакхна тIехула лецначара динчу мукIарлонах материалашна юкъахь документаш цахиларна а цецъяьккхинера Сотиева.

"Со Iадийнера, хIун эр ду ахь кхузахь, цхьаммо а бехк шена тIе ца лоцу, цхьанна а гина хIуммаъ а дац. Цара (лецначара) массара а цхьабоса боху, шаьш бехке дац. Схьахетарехь, гунахь мила хилла Далла бен хуур дац", - боху йисинчу зудчо.

- Маьхьарий хезнчара, я цхьаъ гинчара дина тоьшаллаш дуй оцу материалашлахь?

- Маьхьарий хезна аьлла, динчу мукIарлонан тоьшаллаш ду цу юкъахь. Я СОБР-ан куьйгалхочуьнга, я белхахочуьнга хиттинера цара, суна дага ца догIу, уьш цхьана гIишло чохь ма буй. Шена цу чуьра схьа маьхьарий хезира, амма тергамза дитира ша аьллера цо. Хетарехь, цу чуьра кест-кеста маьхьарий хезачух тера ду, дIабоьлла хила тарло уьш. Электрогенератор болх беш хилар а хезна цунна. Амма прокуратурано боху, шаьш ГЭС-е кехат дахьийтина: Инал криминалан полицехь латточу юкъанна оцу кIоштахь а, я оцу гIишло чохь а ток дIаяьккхина яц. Генератор, хетарехь, аьлча а, билггал, цара латийна хила тарло, маьхьарий ца хазийтархьама.

Дуьххьара шайн дийцаршкахь, Сотиевас бахарехь, лецначара боху, Инал кабинет чохь ша вара, шаьш дайн цхьацца къамелаш а деш, Iаш дара, кабинет чу иза волчу цхьа а ца вахара.

"ТIаьхьо гучудолу, цуьнца къамелаш деш уьш хиллийла, юха а тIаьхьа къаьста, спортзал йолчу церан ларми чохь иза латтош хиллийла. Церан тоьшаллаш а, мукIарлонаш а, дийцарш а бIостане ду-кх. Уггар а коьртаниг - бехк цхьаммо а тIе ца оьцу", - дуьйцу Сотиевас.

Джабиев Иналан гIуллакх кхелехь кеста долор дац листа, аьлла "Эхо Кавказа" ресурсе Сотиевас. Зен хиллачу агIор волчу шиннан хIинца а аьтто ца баьлла гIуллакхан материалаш йовза, стохка аьхка Джабиевца цхьаьна лаьцна ву и шиъ, чоьхьарчу гIуллакхийн министрна Наниев Игорьна кIело еш хилла аьлла, бехкевина - Цховребов Николай а, Кулумбегов Герсан а. Цул совнах, и дан дезарг, кхелехь бехкаш бахка лерина волу прокурор ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG