ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Конгрессна белхан Iалашонаш йовзуьйтуш, дуьххьара дIахьедар дина президента Джо Байдена


Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Джо Байдена шен дуьххьара дIахьедар деш, вистхилла Когрессна хьалха, шуьйрра йовзийтина "хиндерг Американна тIечIагIдеш" бен болчу белхан некъаш.

Шен къамел президента долийра пачхьалкхехь вакцинаци жигара дIахьош хиларх а, экономика дика кхуьуш хиларх а лаьцна. Бахам кхиоран болар чехкадалар Байдена дуьйзира, президентан харжамаш дIабоьлхуш а болуш, Конгрессо экономиканна аьттонаш бен низамийн кочар арахецна хиларца.

Амма иза юьхьиг бен яц, элира Байдена. Цо кхайкхам бира Конгрессе "Белхан меттигаш кхолларх йолу Американ план" къобалъяре. Инфраструктурашка инвестицеш кхачош, ши триллион долларе кхоччуш ахча къасторах лаьцна ю и программа: тIеш, некъаш бахкарх, тоькан линеш дIаяхъярх, бIе эзарнашкахь машенашна ягориг хуьлуьйту станцеш яхкарх, хин биргIанаш хийцарх, иштта дIа кхийолчу проектех а.

Президента кхойкху Iедал белхалочунна сахьтехь луш долчу алапан минимум 15 долларна тIехь тIечIагIъяре а, профессионалийн цхьаьнакхетараллаш кхолла йолу бакъонаш шоръяре а.

Президентан "Американхойн доьзал" программица а догIуш, юкъаяха еза бер школе дахале Iамош йолу маьхза хьукматаш, шина шеран маьхза юкъараллин колледжаш. Бераш долчу доьзалшкара йоккху ял лахъян еза. Президента Конгресс кхойкху медицинан аьттонийн а, молханийн а мехаш лахбийриг дерриг а даре. Оцу Iалашонашна, Байдена бахарехь, финансаш карор ю корпорацешкара а, ахча массерачул дукха долчу бахархошкара а (шарахь 400 эзар долларал сов хьал кхиочу нахера) йоккху ял лакхаяккхарца.

Президента Байдена Цхьанатоьхначу Штатийн мехаллаш билгалйохуш, шайн пачхьалкх духьалхIоттийра авторитаран режимашна. Оцу режимашна хетарехь, демократи эшамехь ю, демократашна вовшашца барт карош бацарна, ткъа вай гойтур ду демократи могуш-маьрша, белхан хьолехь юйла, дIахьедира президента.

Шен къамелехь хьахийра Джо Байдена Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Китайца а, Оьрсийчоьнца а йолу юкъаметтигаш. Цхьаьнатоьхначу Штаташа лоьхур бац Оьрсийчоьнца йоьхна лаьтта юкъаметтигаш естош болу некъаш, амма Вашингтоно доггIу жоп лур ду Москвано лелочу мостагIаллина дуьхьал, элира президента. ДуьнентIехь адамийн бакъонаш ларъяр арахьарчу политикан коьрта дакъа ду, хIунда аьлча, Американ лаккхара мехалла ю массо а адам цхьабосса бакъонаш йолуш кхоьллина хиларна къерахилар, бохура Джо Байдена.

Президента йовзийтина Iалашонаш кхочуш хир ю ала яц гаранти. МогIара жоп луш Къилба Каролина штатерчу сенатора-республиканхочо Скотт Тима ша динчу къамелехь элира, президента шина декъе боькъу америкахой, Республикан партино къобалъеш йоцу Iалашонаш дIакхайкхорца. "Вайна хуьлийла луу кхане хIуттур яц Вашингтонехь къастийначу Iалашонашкахула я социализман сатийсамашкахула, иза шуьга бен кхоллалур яц, америкахой", - дIахьедира Скотт Тима. Цо бахарехь, Байден а, Демократин парти а сов тIех шордан гIерта мехкан дахарехь пачхьалкханна кхочу дакъа, ткъа тIетовжам бан безарш бу бизнесан ницкъаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG