Адыгейхь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллерчу наркотикашна дуьхьало латточу декъехь болх бина масех стаг набахти 8 шарахь халачу хьелашкахь такха хьажийна кхело.
Кхаьънаш эцарна а, даржо луш хиллачу бакъонел совбийларна а бехке бина уьш, хаам бо республикерчу Талламан комитетан урхалло.
Официалан версица, 2019-чу шеран Зазадоккху-баттахь Майкопан кIоштарчу вахархочунна "белхан лерринчу гIирсашца" гIелойина цара, кхаа сахьтехь сов латтийна шайгахь, машен чохь дIаса а хоьхкуш. Цуьнгара ахча доьхуш хилла полисхоша, шаьш цунна дуьхьал иза наркотикаш лелош хиларх долу тоьшаллаш кхуллур ду бохуш. Иштта даьккхина цара цуьнгара 150 эзар сом.
Набахтехь яккха къастийначу хенал сов, хIоранна а дихкина къепелатторан хьукматашкахь Iедалхойн статусехь деа шарахь болх бан.
- Хьалхо Адыгейхь бехктакхаман дов гIаттийра Майкопан куьйгалхочунна дуьхьал цуьнгахь низамехь а доцуш патармаш карорца доьзна. Иза Зазадоккху-беттан 24-чоххь дуьйна лаьцна ву, нахера ахча дехарна бехкеварца.