ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Политикан тутмакх лору протесташ бахьанехь лаьцна волу ГIалгIайчуьра экс-министр


Бакъоларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн тептара яьккхина "Мемориал", амма "Мемориал" реза ца хилла и статус тIеэца – Редакцин билгалдаккхар) политикан тутмакх лору ГIалгIайчоьнан вахархо, цигахь чоьхьарчу гIуллакхийн министран даржехь Iийна, Iедалан ницкъашна дуьхьалоярна, "экстремистийн юкъаралла" кхолларна бехкевен Погорв Ахьмад.

"Тхан кхетамехь, гIалгIайн оппозицин кхиболу лидерш а санна, иза таIзарна кIел вигар дозу цуьнга Iедална критика яр дитийта гIертарца, иза маршонах ваьккхина цо цхьа а дуьхьалоярца а доцуш, маьрша гуламаш хIитто а, ассоциацеш вовшахтоха а йолчу шен бакъонах пайдаэцарна", – боху бакъоларъяран центро.

ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин коьртехь лаьттина Погоров 2002-2003 шерашкахь. 2018-чу шарахь Нохчийчоьнца долу доза хийцарца доьзна лилхинчу протесташкахь меттигерчу оппозицин коьрте хIоьттира иза. ГIалгIайн къоман цхьааллин кхеташонан куьйгалхойн могIарахь вара иза, дIахьора корруцина дуьхьал талламаш.

Магасера Зазадоккху-беттан гуламаш бирзича лаца кхайкхийра Погоров, цIийнах хьуьйсура цунна. Шен цIахь Несарахь лецира иза кхушара, Чиллан-баттахь, кхачийра Нальчикерчу изоляторе.

  • 2019-чу шеран бIаьста гIалгIайн жигархоша гулам хIоттийра шина республикан куьгалхоша Нохчийчоьнанний, ГIалгIайчоьнний дозанаш къастош хIоттийна бертан документ шайна цатайна хиларна. Масех де даьлча гулам ницкъаша бохийра Iедало. 2020 шо доьрзуш Ставропол-махкарчу Ессентуки гIалахь дуьйладелира гIалгIайн протестан лидерийн кхелан ладегIарш. Экстремизм а, полицина дуьхьалояр а ду царна бехкедиллинарг.
  • ВорхI стаг ву кхеле хIоттийна: Барахоев Ахьмад а, Мальсагов Муса а, Хаутиев Багаудин а, Чемурзиев Барах а, Ужахов Малсаг а, Нальгиев Ахьмад а, Саутиева Зарифа а. Цара массара а бехкаш тIе ца дуьту.
  • Адамийн бакъонаш ларъечу "Мемориал" центро политикан тутмакхаийн могIара язбина лецнарш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG