ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

60 гергга даIишхо ОвхIанистанан набахтешкахь латтош ву


Нангархарехь дIалецна ИГИЛ-ан тIемалой
Нангархарехь дIалецна ИГИЛ-ан тIемалой

Пачхьалкхан кхерамзаллан ницкъаша дIахьедина, 60 сов Юккъерчу Азера тIемало ву шайн набахтешкахь латтош, йихкинчу террорхойн "Исламан пачхьалкх" шех олучу организацин могIаршкахь дакъа лацарна бехке вина. Яздо цунах лаьцна Таджикистанан Озодлик сервисо.

ОвхIанхойн Iедалхойн зерашца, пачхьалкхан набахтешкахь 408 арахьарчу мехкашкара баьхкина даIишхой бу.

ОвхIанистанан Къоман кхерамзаллан урхаллан куьйгалхочо Сирадж Ахьмад Зияс Кабулехь Охан-беттан 27-чохь йоьдучу пресс-конференцехь дIахьедина, лецначарлахь 14 пачхьалкхан бахархой бу аьлла, шайлахь 173 зуда а, бераш а долуш. Цуьнан дешнашца, Пакистанера ву 299 тIемало, 37 - Узбекистанера, 13 - Таджикистанера, 12- гIиргIазо, 5 - Оьрсийчоьнан вахархо, 5 - Урдунера, 4- гIажаро, 2 - Бангладешан вахархо, 2 - Мальдивашкара 1 - Алжирера ву.

Сиражд Ахьмад Зияс дIахьедарехь, карарчу хенахь овхIанхойн агIоно, даIишхошца тIемаш барна бехкебен и нах схьабевллачу мехкашца дIахьош дийцарш ду.

2015-чу шарахь Дечкен-беттан 26-чохь дIакхайкхийра, ОвхIанистанехь "Исламан пачхьалкхан" "Вилаят Хорасан" провинци вошахтоьхна хиларх. ХIетахь дуьйна оцу овхIанхойн ИГИЛ-ан гарано, шира заманахь а ваххабистийн кегийн тобанаш леллачу малхбалерчу Нангахар а, Кунар а цIе йолчу провинцешкахь кхоьллина герз латто шайн базаш а, каппаш а. Цул тIаьхьа ОвхIанистанан кхечу провинцешкахь а.

2018-чу шарахь ОвхIанистанехь билггал вовшахкхеттера "Вилаят Хорасанан" ши га - пуштойн а, пуштойн йоцучу а кIошташкахь. Оцу юкъанна, ОвхIанистанан къилба-малхбалехь (Бадахшан) а, къилба-малхбузехь а (Джаузджан, Сарипуль, Фарьяб) ИГИЛ-ан тобанаш яра вовшахъетталуш, доккхачу декъанна, Оьрсийчуьра а, Юккъерчу Азера а бахархойх лаьтта.

Оцу тобано жоьпалла шена тIелецира Кабулехь а, кхечу ОвхIанистанан гIаланашкахь а, провинцешкахь а, бIеннашкахь нах а бойъуш, динчу терроран тохарийн.

Хьалхо хааме даьккхира, ОвхIанситанан къилбехьа хиллачу тIеман тасадаларшкахь масех таджикхо верах пачхьалкхан ницкъаша.

Ши шо хьалха ОвхIанистанан президенто дIакхайкхийра, оцу тобанан доккхахдолу дакъа Нангахар провинцехь хIаллакдина аьлла. Цул тIаьхьа "халифатан"тIемалой а, церан доьзалш а пачхьалкхан ницкъийн карабаха буьйлабелира.

Сирадж Ахьмад Зияс кхайкхам бина дуьненаюкъаралле, Гезгамашин-беттан 11-гIа де тIехдаьллачул тIаьхьа, терроризмца болийначу тIамехь ОвхIанистан ша цхьаъ ма йита аьлла. Оцу дийнахь доллу Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн эскарш церан пачхьалкхера арадовла дезаш ду.

"Доллу жоьпаалла овхIанхойн кхерамзаллан ницкъашна а, тIеман министраллана а тIехь дитар - нийса дац. ХIунда аьлча, тхо а, тхан йоллу регион а оцу кхерамна бухахь дуьсуш ду", - аьлла Сираджа.

ОвхIанистанерчу террорхойн а, экстремистийн а тобанаша бохьучу кхерамо даим а сингаттам латтийна Таджикистанан а, регионан кхечу мехкийн а Iедалхошкахь.

Юкъарчу кхерамзаллех Бертан Организацин тIеман министраша а (ОДКБ) - коьрта дакъа Оьрсийчоьно дIалаьцначу, декъашхо Таджикистан йолчу организацеша, Охан-беттан 27-чу дийнахь Душанбехь дIахаийтина, Iамеркахойн эскарш арадаьхча, ОвхIанистанерчу террорхойн ницкъаш чIагIбаларна шаьш саготта хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG