ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Краснодар-махкахь "маньякаш а, лурбоьлла нах а" лецна ФСБ-но


Къайлахчу сервисаша шаьш Краснодар-махкахь а, Оьрсийчоьнан кхечу цхьацца регионашкахь а кегийрхойн радикалан "М.К.У." юкъараллера 16 декъашхо лаьцна аьлла даржийна.

ЧIагIдарехь, лечнарш хилла Iедалан административан гIишлош лелхийта а, маьршачу бахархошна тIелата а кечлуш, хаам бо "Интерфаксо", ФСБ юкъараллица уьйраш латторан центрна тIе а тевжаш.

ХIусамаш толлуш хила тарлучу экстремисташкара даьхна уьрсаш, электронан информаци чохь йолу гIирс, терроран коьчалш кечъярх йолу инструкцеш, дан кечдинчу зуламех лаьцна кехаташ, боху урхалло.

"М.К.У." аббревиатура кхоллаелла "Маньяки. Культ убийц" ("Маньякаш. Нах бойъучийн ламаст") дешнех. Тобано шен гIуллакхашна буха кхобу къаьмнаш декъаран, кхечу къаьмнашка цабезам баржоран идеологи, иштта гамо ю цуьнан юкъаралла "бехъечу" нахаца а (хIусамаш йоцчаьрца, агкоголикашца, наркоманашца), билгалдоккху "Коммерсантъ" газето.

  • Охан-баттахь Федералан халкъан гвардин эскарийн буьранчас Золотов Виктора дIахьедира, тIаьххьарчу шерашкахь Къилбаседа Кавказехь лахбелла терроран кхерам, регионехь юьсуш яц кегий гIеранаш бен, аьлла.
  • Зазадоккху-баттахь ФСБ-н директора Бортников Александра бохура, Къилбаседа Кавказехь "хIаллакбина терроризман жигараллин массо а коьрта бенаш а, массо а бандитийн куьйгалхой а".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG