ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Словенера экстрадици йинчу Дагестанерчу экс-министрана кхел йийр ю кестта


Дагестанехь информацин политикан министр лаьттинчу Гаджиев Нариманна духьал бехктакхаман гIуллакх ду айдина бозбуанчаллаш лелорна а, харц официалан документаш кечдарна а – цо оцу хьесапехь ши миллион сом сов ахча лачкъийна, боху низамхоша.

Талламан версица, 2012-чу шарахь Гаджиевс шен цхьана накъосте цуьнан коммерцин компани язъяйтина аукционехь дакъалаца. Оцу фирмина толам лур болуш барт бина министро. Аукционе язйинчу оцу компанин инарла директорца бертан кехаташ хIиттийна цо ворхI документалан фильм йоккхур йолуш, амма яйтина и фильмаш дуккха а лахрчу мехах кхечу стаге.

ЖамI: лачкъийна министраллина Дагестанан имидж лакхаяккха делла хилла ахча.

Гаджиевна дуьхьал айдина гIуллакх хьажийна ХIинжа-ГIалин Советски кIоштан кхеле, боху республикан прокуратурин пресс-векалто.

  • Гаджиев Нариман 2019-чу шарахь лецира Словенехь, Оьрсийчоьнан прокуратурин дехарца дIавелира Оьрсийчоьне. Вуьйцу бозбуанчаллин шолгIа декъашхо набахти хьажийра 2015-чу шарахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG