ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьра вахархо вуьйш видео яьржина. "Цо герз деттара" аьлла ницкъхой харц луьйш нисло


Интернетехь видео яьржина, Несарна йистехь ницкъхоша машенна герз а деттий, иха лелош волу стаг вуьйш. Официалан версица ца догIу видео чохь гург, цо герз тоьхнера бохург.

"База" телеграм-канало яржийначу кадрашкахь гуш ду тIеман духарахь болчу полицин белхахоша шайна машенашца вийначун машенна дуьхьаллелхаш. ДIаяха гIертачу Toyota Camry-на тIе дуккха а герзаш детта полисхоша, тIаьхьа а уьдуш. Эххара а соцу машен, ткъа герз ца сацадо цунна тIедеттачуьра.

Несара йистехь Бютукаевн Асланан гIеранера тIаьххьара тIемало вийна", - аьлла бу баржийна хаам.

"Фортанга" портало дечу тоьшаллица, вийна волу ГIалгIайчуьра Кодзоев хилла вац тIемало. Иза лаца кхайкийнера Iедалан белхахочунна цо гIелоярна, амма цкъа а аьлла дацара иза низамехь йоцчу тIеман тобанашкахь хилла. Журналисташа дийцарехь, машен чохь Кадзоевца хилла кхин а ши стаг а.

Хьалхо "Интерфаксо", шен хьасташна тIе а тевжаш, элира, "ницкъхошна машен зен ца магийначу стага герз детта долийна, иза дуьхьалоеш вийна".

Шаьш дуьйцучуьнца бIостанехьа долучу, видеоно гойтучу фактанна комментари ца йина ницкъхоша.

  • Охан-баттахь Федералан халкъан гвардин эскарийн буьранчас Золотов Виктора дIахьедира, тIаьххьарчу шерашкахь Къилбаседа Кавказехь лахбелла терроран кхерам, регионехь юьсуш яц кегий гIеранаш бен, аьлла.
  • Зазадоккху-баттахь ФСБ-н директора Бортников Александра бохура, Къилбаседа Кавказехь "хIаллакбина терроризман жигараллин массо а коьрта бенаш а, массо а бандитийн куьйгалхой а".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG