ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIебарта-Балкхаройчуьрчу вахархочунна шозза хан тоьхна "Кавказ Вилайатна" гIодарна


ГIебарта-Балкхаройчуьрчу 21 шо долчу Индреев Хьасанбина набахтин пхи шо хан тоьхна террорхойн "Исламан пачхьалкханна" байIат дина хилла "Кавказ Вилайатан" баьччина Лихов Хизарна гIодарна.Талламан версица, Индреевс, ша дас аьлларг деш, 2015-чу шеран Герзгмашин-баттера 20I6-чу шеран Марсхьокху-батталц шен хIусам а, кхача а латтийна Лиховна а, цуьнца хиллачу тIемалочунна Битоков Алимна а. Ткъа и шиъ вийна ницкъхоша 2016-чу шеран Марсхьокху-баттахь.

2018-чу шарахь Чегеман кIоштан кхело Индреев Хьасанби юкъарчу хьелашкахь хан такха набахте хьажийна низамехь йоцчу гIеранна гIодарна 2 шарна 3 баттанна.

Ткъа 2021-чу шеран Охан-беттан 27-чохь кхин цкъа а йина цунна кхел – Ростоврчу тIеман трибунало, оццу зуламна, амма хIинца иза бехкевина "Исламан пачхьалкханна" гIодарна. Кхелахочо пхи шо кхайкхийна шен сацамехь, амма юкъаръяьккхина цо набахтехь а, лаьцна волуш а яьхна хенаш, хаам бо бакъоларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн могIара язйина "Мемориал", амма цо тIе ца обцу шена и статус – редакцин билгалдаккхар).

Адвоката Бычков Николайс элира, Индреев Лиховна гIодарна юха а бехктакхаме озоро Оьрсийчоьнан Конституци талхийна – цуьнаца а догIуш, стагна шозза таIзар дойла дац цхьана зуламна дуьхьал.

Адвоката бахарехь, тешех цхьаммо а ца аьлла Индреевна Лихов даIишхо вуйла хууш хилла, церан юкъаметтигаш могIарчу дахаран къамелаш тIехь бен ца хилла. Шена деллачу дашехь Индреевс ша бехке вац аьлла.

  • Охан-баттахь Федералан халкъан гвардин эскарийн буьранчас Золотов Виктора дIахьедира, тIаьххьарчу шерашкахь Къилбаседа Кавказехь лахбелла терроран кхерам, регионехь юьсуш яц кегий гIеранаш бен, аьлла.
  • Зазадоккху-баттахь ФСБ-н директора Бортников Александра бохура, Къилбаседа Кавказехь "хIаллакбина терроризман жигараллин массо а коьрта бенаш а, массо а бандитийн куьйгалхой а".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG