ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирусана дуьхьал пхи вакцина магийна WHO юкъаралло


Дуьненаюкъарчу могашаллин организацино (WHO) коронавирусан пандеми лаьттачу муьрехь сихха тоха мегачу вакцинийн могIара язйина Америкерчу Moderna компанин вакцина. Иза пхоьалгIа препарат ю оцу хьумато магочех, кхоалгIа – Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу компанеша арахецна.

Магочийн могIарахь яра хIинццалц Америкера Pfizer/BioNTech а, Jannsen а (Johnson & Johnson компанин дакъа), Британин-Швецин AstraZeneca а, цуьнан Индера вариант а. Шуьйрра яржо Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Цхьанакхетаралло магочу вакцинашлахь яц я Китайн а, я Оьрсийчоьнан а препараташ.

Керлачу кепан коронавирусан пандеми йолаелира Китайхь лурчах, шо доьрззуш. Стигалкъекъа-беттан 1-чу денна дуьнентIехь ун хьакхаделла 151,5 миллион адамах, велла 2 миллион 182 эзар стаг, боху Балтиморерчу Хопкинс Джонсан университето.

И терахьаш гулдо пачхьалкхашкарчу Iедалера, ткъа цара уьш лахдеш хааделла дуккхаза а, я ца хила ца тарло мехкашкахь нийсса мониторинг ян таронаш.

Масала, Оьрсийчохь официалехь цомгушчийн терахьаш довзуьйтучу коронавирусна дуьхьалоечу центро гойту барам бу 4,8 миллонал совъоьккхуш, велла 110 529 стаг. Амма Росстатан статистико дикка хан ю коронавирусах 250 эзар стаг веллийла хаийтина, ткъа цомгуш хилларш бу, цо бахарехь, официало бохучул вуно дукха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG