ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францера депортаци йина Гадаев Мохьмад карош вац гергарчарна


Оьрсийчу Францера дIахьажийначул тIаьхьа ницкъаша Нохчийчу дIавигина Гадаев Мохьмад вайна. Кавказ.Реалиига цуьнан цIийннанас хаийтина иза гергарчарна Охан-беттан 22-чохь дуьйна гина вац аьлла.

Оцу дийнахь иза нанна гайтина, цуьнга вистхилийтина. Цул тIаьхьа дIавигина, кхечу изоляторе вуьгу аьлла.

Нохчийчуьра полици реза ца хилла журналистийн хеттаршна жоьпаш дала, шаьш иза дезаденош дIадевлча дийр ду аьлла.

  • Францехь лецира Гадаев Мохьмад Охан-беттан 8-чохь, иза полице вахча. ХIора денна лелаш вара иза цига, ша депортацех хьалхавоккхуш кхело бина сацам кхочушбеш: адвокато тоьшаллаш далийнера цунна Оьрсийчохь ваха кхераме хилар тIеччIагIдеш.
  • Амма кхелан сацам а ца ларбеш, Францино экстрадици йина цунна. Хьалхо ша депортацин лагерехь сацийча, протест кхайкхош, шен гай цистира Гадаевс.
  • Москва дIакхачийча, "Шереметьево" аэропортехь ФСБ-н белхахоша сацийна латтийра иза, адвокаташа а, юкъаралхоша а сахьташ дехира иза дIахецаре хьоьжуш.
  • Шен ваша вехачу Новый Уренгой дIа а хьажийна, цига дIакхаьчча лаьцна Гадаев.
  • Нохчийчохь Охан-беттан 10-чохь Гадаевна дуьхьал бехктакхаман дов гIаттийна низамехь а доцуш герзаш лелорна. Талламан урхаллаша цо герз къайладаьккхина меттиг карийна боху.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG