ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанcкие Огни гIалара Сталинна хIоттийна девне яьлла бюст дIаяьккхина


Сталин Иосиф
Сталин Иосиф

Охан-беттан 29-чохь Дагестанские Огни гIалахь дIахIоттийна хилла Сталин Иосифан бюст вовшахъяьккхина. Цул хьалха оцо боккха къовсам эккхийтира социалан машанашкахь, Советан баьччас дуккхаъчу къаьмнашна репрессеш ярна, ишта Кавказан къаьмнашна депортаци ярна а.

Дагестанан коммунисташа карарчу беттан 1-чохь Сталинна хIоттийна бюст дукха лерина вовшахъяьккхира, ткъа ша бух оцу меттигехь бисина.

Сталинна хIоттийна хIоллам дIабарах лаьцначу хаамо иттаннашкахь комментареш гулъйина социалан машанашкахь.
Цхьаболучара дIахьедора "тхан дедай цунна тIаьхьа хIиттина тIемашка лелла", вукхара дагадоуьйтура, Дагестанан а, луларчу республикийн а къаьмнашна зуламе депортаци йина хилар.

"Вайн гIалахь Сталине а са ца тохаделла",- аьлла, яздина цхьаммо, Дагестанские Огни гIалара листаза йисина коммуналан сферера проблемаш къедош.

"Оцу кепара бюсташ, плакаташ хIиттор, урамашна Сталинан цIераш тахкар Дагестанехь, дайн аьлча, цхьана эшарехь тIе ца лоцу, - аьлла, дIахьедина Кавказ.Реалиица дечу къамелахь Дагестанерчу "Яблоко" партин декъан куьйгалхочо Эседов Альберта. - Суна схьахетарехь, оцу кепара хIуманаш лелон мегар дац. Цхьана дийнахь-буса гергга лаьттина бюст а дIаяьккхина".

"Суна хаарехь, бюст вовшахъяккхар доккхачу декъанна доьзна дац иза хIотторна эргIадбахарца, административан нормаш ларйина цахиларна ду. Муьлхха а хIоллам схьабоьллучу хенахь гIалахь гIишлошйогIаран комиссица а, кхийолчу структурашца а дагабовлуш хила деза, цаьргара бакъо яккха еза", - аьлла дийцина хьолах Къилбаседа Кавказера исламан талларан центран директоро Гереев Руслана.

Цо чIагIдарехь, тахана дукхахболчу дагестанхошна Сталин коьртехь волуш "экономика а, индустри а кхиаме яра" аьлла хета.

"Тахана гучу суьртаца, халкъ гIад дайначу социалан-экономикан хьолехь долуш, лахара алапаш оьцуш, кегийрхой махкара дIаоьхучу заманчохь, цхьа ша тайпа озабезамаш кхоллало", боху Гереевс.

Оцу юкъанна, цунна хетарехь, таханалерачу кегийрхошлахь доккхахдолу дакъа бен-башха доцуш хьоьжу Сталине, хIунда аьлча, репрессеш хиллачул тIаьхьа кхоъ-диъ чкъор хийцаделла. Цундела шаьш бюст схьаеллале хьалха, коммунистийн партино (КПРФ) дикка кечам бан безаш хиллера, бакъонехь а, юкъараллехь хетар долчуьнца а.

Меттигерчу КПРФ-н партин декъан лаамца хIоттийнера Сталинна бюст. Оцу юкъанна меттигерчу бахархошна хетарг чоьте а ца оьцуш, шайггара бина сацам бара.

Инарла прокуратурехь лаккхара тергам болу гIуллакхаш луьстучу талламхочун даржехь Iийна Степанов Игорь массийтта шо ду Оьрсийчуьрчу гIаланийн урамийн Сталинца цхьаьна зуламаш динчийн цIерш, шайлахь къаьмнийн депортацеш а йолуш, хийцийта гIерта. Амма цхьаццайолу Къилбаседа Кавказера республикаш сиха яц и цIерш хийца, шайн луларчу кхечу мехкашкарчу къаьмнаша хIора шарахь Сталинан депортацино шайна дина зулам тезетан бармашкахь далхадешшехь.

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа ХIирийчуьрчу кIошташкахь а, ярташкахь а 20 урам бу Сталинан цIарах. Дагестанерчу Каспийскехь а, Коркмаскала, Шамхал-Термен, Сагаси-Дейбук, Зеленоморск, Ленинкент эвлашкахь а ду Сталинан цIарах урамаш.

Оьрсийчохь ша цхьаъ бен боцу Сталинан проспект бу Дагестанские Огни гIалахь. 2002-чу шарахь мэран Галимов Галиман дехарца цIе хийцира цуьнан.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана социалан машанашкахь дуккхаза а неIалташ хьежийна Сталин Иосифна нохчийн къоманна депортаци ярна.

Сталин Иосифан омраца 1944-чу шарахь Чиллан-беттан 23-чохь нохчий а, гIалгIай а Юккъерчу Ази дIахьовсийра, ямартлонна бехкебина. "Чечевица" цIарца йолийначу операцица 500 эзар сов стаг махках ваьккхира. 2004-чу шарахь Европерчу парламенто геноцид ду аьлла, тIечIагIдира хилла зулам.

2012-чу шарахь депортаци яр Чиллан-беттан 23-гIа дийнахь билгалдаккха дихкира нохчашна Кадыров Рамзана. И къоман тезетан де шен да Кадыров Ахьмад дIавоьллинчу Стигалкъекъа-беттан 10-чу дийне дIатеттира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG