ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стохкалерачуьнца дуьстича, 28 процент лакхара ду Москвахь баларш


2021-чу шеран Зазадокху-баттахь Москвахь лечу нехан терахь 28 проценте лакхадаьлла хаало цул хьалха хиллачу шераца дуьстича. Шахьаран могашлалла Iалашъяран департаментан зерашна тIетевжина бина цунах лаьцна хаам "Интерфаксо".

Терахьаллин маьIнехь аьлча, баларш совдаьлла 2 888 стагна. Департаментан информацица, кху шеран Зазадокху-баттахь верриг а велларг ву 13 эзар стаг. Оцу юкъанна, COVID-19 ун бахьана долуш кхелхина 2 898 вахархо.

Хьалхо Росстато хаам бира, дахначу шарахь а, 2021-чу шеран хьалхарчу кхаа баттахь а коронавирусах а, цо йитинчу хьунах а Оьрсийчохь 248 эзара пациент велла аьлла. И терахьаш бакъ делахь, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташна а, Бразилина а тIаьхьа йогIуш ю коронавирусах белла нах совбовларца Оьрсийчоь.

Оцу юкъанна, Охан-баттахь Американ "Нью-Йорок таймс" гIирсо дIахьедира, коронавирусан пандемин муьрехь баларш алсам хиларца Оьрсийчоьхь лидер ю аьлла. Журналистийн лараршца, стохка Охан-баттера Дечкен-батте кхаччалц оцу тайпа баларийн процент 28 ю, вуьшта аьлча, 362 302 стаг.

Официалан дIахьедаршца, коронавирусах велла Оьрсийчохь 57 эзара сов стаг. Оцу терахьаша, хаамийн гIирсана хетарехь, шеконаш кхуллу, Путин Владимира динчу дIахьедарх. Дуьненчуьрчу кхечу пачхьалкхел а дика ларош схьайогIу Оьрсийчоь пандемица аьлла, дара цуьнан дIахьедар.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG