ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь коронавирусах 21 дархо велла. Ун даьлла ву – 277


Къилбаседа Кавказехь тIаьхьарчу дийнахь-буса коронавирусан уьнах велла 21 стаг. Цомгаш хилла кхин а 277. Пандемица къийсам латточу оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь велла COVID-19 вирусах 12 стаг, Ставропол-махкахь - виъ, Адыгейхь - шиъ, Нохчийчохь а, ГIалмакхойчохь а, Дагестанехь а - цхьацца велла.

Ун даьржичхьана Къилбаседа Кавказехь верриг а кхелхинарг ву вирусах 9 375 дархо.

Къаьсттина дукха бу ун даьлларш Краснодаран кIоштахь, кIезиг бу - Адыгейхь.

Краснодаран мохк+ 92 (45 788 ву пандеми яьржичхьана)
Ставрополан кIошт + 62 (53 228)
Дагестан + 44 (32 415)
ГIебарта-Балкхаройчохь+ 23 (23 831)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 11 (20 101)
ГIалгIайчоь + 10 (15 465)
ГIалмакхойчоь + 10 (20 453)
Къилбаседа ХIирийчоь+ 10 (16 754)
Нохчийчоь + 9 (12 023)
Адыгей + 8 (14 449)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь ун даьлла хиларца къаьстина 254 549 стаг.

Оперативан штабан информацица, тахана, Стигалкъекъа-беттан 3-чохь, 4 831 744* билгалваьлла коронавирусан уьнца.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико лерина аннекси йинчу ГIирмера хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG