ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эльбрусан буьххье бовлуш байначийн декъий карийна


Итт дийнахь лехначу шина адаман декъий карийна Эльбрус ламанан басехь. Жима зуда а, гид а ду и шиъ, яздо "Интерфаксо".

Охан-беттан 17-чохь т1аьххьара з1ене яьлла хилла турист. Беттан 21-чохь "лагере" кхача дагахь ю ша аьлла, хаам бина хилла цо. Охан-беттан 23-чохь и шиъ жигара леха буьйлабелира.

Х1ордан сизана 5,4 метар йолчу локхаллера декъий схьаэйца 1алашо ю Стигалкъекъа-беттан 3-чу дийнахь.

Хьалхо хааме даьккхира, кху шеран Дечкен-баттахь лайн хьаьтт чухахкаелла, Кхарачой-Чергазийчуьрчу Домбайн к1оштарчу ког-салазаш хоьхкучу Мусса-Ачитора лома т1ерачу некъа т1е. Хьаьтто масех стаг д1ахьулвинера.

2019-чу шеран Чиллан-баттахь лаьмнийн гидийн Ассоциацин декъашхо Камбалов Сергей кхелхира Кхарачой-Чергазийчохь, Архыз курортан к1оштарчу ламанан Дукка дукъехь хьаьтто лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG