ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедалхошца дийцарш динчул тIаьхьа Сталинан бюст юха дIахIоттор ю шен метта


Дагестанерчу Новокаякентехь Сталинна хIоллам схьаболлчуохь
Дагестанерчу Новокаякентехь Сталинна хIоллам схьаболлчуохь

Дагестанские Огни гIалахь Советан пачхьалкхан баьчча хиллачу Сталин Иосифна хIоттийначу бюстна демонтаж яр - цхьана ханна тIеэцна барам бу. ГIалин гуламан депутаташца барт бинчул тIаьхьа, юха а хIоллам дIахIотто сацам бу жигархойн.

Республикерчу КПРФ-н комитетан векало Луговой Руслана Кавказ.Реалиига дийцарехь, Сталинна хIоллам хIоттийнера Дагестанан АССР кхоьллина бIе шо кхачарца доьзна дIахьочу даздарийн гурашкахь. И сацам тIеэцнера большевикийн партин урхалло а, иштта Сталина а.

"1920-чу шарахь Темир-Шурехь (хIинца Буйнакск) Дагестанан халкъийн съездехь Сталин Иосифа дIакхайкхийра республикан автономи. Цуьнан бюст хIоттор оцу хиламца доьзна ду. Иштта нисделла, хIоллам схьабеллар кхечу дезачу денца -Толаман денца", - дуьйцу коммунисто.

Луговойс билгалдаккхарехь, стохка дуьйна беш бара цунна кечам, меттигерчу коммунистийн партига схьакхаьчна хIинцале а барт хиллачу документийн цхьа доккхах долу дакъа.

Цхьана а кепара бюст хIоттийначаьрга хеттарш ца хилийтархьама, Дагестанские Огни гIаларчу КПРФ-н комитетан хьалхарчу секретаро цхьана ханна вовшахъяьккхина бюст а, дагалецаман у а. Муниципалан депутаташкара пурба ма-хилли, хIоллам а, у а шен метта дIахIоттор долуш ду.

"Нагахь санна, цхьацца хеттарш нислахь а, оха уьш дийцаредийр ду депутатийн корпусца а, юкъараллаца а. Масала, бюст кхечу меттигехь хIоттон а тарло, амма цунах шех лаьцна кхин хеттарш дац", - аьлла, дерзийна къамел Луговойс.

ХIоллам биллина Охан-беттан 29-чохь меттигерчу Оьрсийчоьнан Компартин декъо гIаларчу Сталинан майданарчу автобусан социйлина гергахь. Бюст юьллуш яьккхина видео а гойтуш, политолога Курбанов Руслана яздина цунах лаьцна: "Иза репрессеш йинчу халкъийн дегнашна хьу яр ду ".

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа ХIирийчуьрчу кIошташкахь а, ярташкахь а 20 урам бу Сталинан цIарах. Дагестанерчу Каспийскехь а, Коркмаскала, Шамхал-Термен, Сагаси-Дейбук, Зеленоморск, Ленинкент эвлашкахь а ду Сталинан цIарах урамаш.

Оьрсийчохь ша цхьаъ бен боцу Сталинан проспект бу Дагестанские Огни гIалахь. 2002-чу шарахь мэран Галимов Галиман дехарца цIе хийцира цуьнан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG