ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненчуьрчу 250 журналисто гIо даьккхина Оьрсийчоьнан йозуш йоцчу медиашкахьа


Оьрсийчуьрчу "Важные новости", DOXA хаамийн гIирсашана а, иштта, Iедалхоша "арахьарчу агентийн" тептаре яьккхинчу "Медузана" а тIехIоьттина 63 пачхьалкхера 250 сов журналист.
Студентийн DOXA журналан сайтехь зорбане даьккхина журналисташа яздина диллина кехат. Дукха хан йоццуш цуьнан веа редакторна бехкзуламан гIуллакхаш дуьхьал даьхна. Церан публикаци лерина ю Дуьненаюкъарчу хаамийн гIирсин маршонна.

"Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир хIоьттинчул тIаьхьа, пачхьалкхо тIеIаткъам болийра бозуш боцчу хаамийн гIирсашна, дозанаш детта низамаш юкъа а дохуш, гIуданаш хьерчадо, бехктакхаман гIуллакхаш дуьхьал доху", - билгалдоккху кехатна куьйгаш яздинчу журналисташа, "тIаьхьарчу беттанашкахь буха йисинчу йозуш йоцчу медиана Кремло ден тIелетарш совдийлар" билгалдоккхуш.


Ишта кехата тIехь хьахийна "Важные истории" ресурсан коьрта редактор волчу Анин Романах талламаш барх а, документан авторша чIагIдарца, журналистийн талламашна новкъарло ярхьама дуьхьал айдинчу бехкзуламан гIуллакхах а.

Дуьйцу кехата тIехь DOXA журналан редакторшна Арамян Арменна а, Тышкевич Натальина а, Метелкин Владимирна а, Гутникова Аллина а тIаьхьабовларх а, "Медуза" арахьарчу агентийн тептаре яккхарх а.

"Оьрсийчоьнан Iедалхоша дукха хан йоццуш юкъа яьккхинчу статусо цхьа могIа кхочушдан аьтто боцу тIедахкарш тIеэгадо гIирсана. Уьш ца лардахь тарло даккхий гIуданаш детта, сайт дIакъовла, я цуьнан журналисташна дуьхьал гIуллакхаш даха", - аьлла ду кехата тIехь.

Хьалхо "СМИ - арахьара агенташ" статусе яьккхира Оьрсийчоьнан Iедалхоша Свобода Радио а, цхьа могIа РСЕ/РС медиакорпорацин проекташ а. Роскомнадзор а, кхелаш а даккхий гIуданаш детта буьйлабелла корпорацина, хIинцале а царах хьарчийна 100 миллион сом.

Йозуш йоцчу хаамийн гIирсийн Iа а лакъийна, Оьрсийчоьнан бахархошна бакъйолу информаца дIа ца кхачийта гIерта Кремль, аьлла хета кехатан авторшна. Цара кхайкхам бина Оьрсийчоьне, дешан маршо ларъян тIелаьцна декхарш кхочушде аьлла.
Кехатна куьйгаш яздина The Guardian, The Washington Post, Le Monde, Süddeutsche Zeitung, Reuters, «Немецкая волна», «Украинская правда", ишта кхин болчу хаамийн гIирсаша а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG