ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мехикохь метро чохь йоьдучу цIерпоштана тIедоьжна тIай. 20 стаг велла, 70 гергга лазийна


Метро чохь боьдучу цIерпоштана тIедоьжна Мехикохь тIай, яздо Свобода Радионо. Мел лахара а, велла 20 стаг, чевнаш йина ву 70 гергга. El Universal хаамийн гIирсо бина и хаам, Мексикан шахьаран мэрна Шейнбаум Клаудина тIетевжина.

Беллачарлахь бу кхиазхой а цхьана. Мэро дийцарехь, кхин дIа йолу конструкци а тIейожарна кхоьруш, нах кIелхьарбахар цкъачунна сацийна ду. ТIедоьжначу тIайна бухахь ю масех машен а.

Дийцарехь, цхьахйолу автомобиль тIекхетта, гIортор йоьхча чудеана тIай.

Меттигерчу бахархоша дIахьедина El Universal ресурсе, 2017-чу шарахь мохк бегийча тIайн гIортораш лилхира яра, хIетахь дуьйна оцу зуламах кхоьруш дара шаьш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG