ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчоьнан Iедалхоша еш яц керла футболан майда


ГIалгIайчоь, Наьсара
ГIалгIайчоь, Наьсара

Регионера финансийн хьал ледара хиларна, 15 эзар меттиг йолу керла футболан стадион ян шаьш дагахь дац аьлла, дIахьедина ГIалгIайчоьнан Iедалхоша. Мехкан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас билгалдакхарца, республика чолхечу финансийн хьелашкахь йолчу юкъанна, уггар а хьалха социалан хеттарш листа деза, хаам бо runews24 гIирсо.

15 миллиард сом хьажон дезаш дара гIишло хьалаян. Планехь 4,6 миллиард республикан Iедалхоша дала дезара, амма доьдучу шарахь ГIалгIайчоьнна кхочучу пайданан барам 4,8 миллиард сом бен бац.

Хьалхо яздора, Къилбаседа Федералан гонашкарчу регионашлахь ГIалгIайчоь ю уггар а хьалха банкрот хилла республика, бохуш. Махкара хьал тиша дара, оцу хьола юкъа Москва гIорта а оьшуш.

Йоллу Къилбаседа Кавказерчу республикашлахь бюджета дефицит йолуш дирзира 2020-гIа шо шина махкана- Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а. Нохчийчоьнан дефицит 3% яра (4,3 миллиард сом), ткъа ГIалгIайчоьнаниг - 1% (0,4 миллиард сом).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG