ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь уьнах велла 19 дархо. Вирус къаьстина 270 стагаца


Гайтамаен сурт
Гайтамаен сурт

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгар кхетта хиларца билгалбевллачу нахах велла 19 пациент, и цамгар карийна кхин а 270 стагехь.

Iедалера болчу хаамашца, Краснодар-махкахь 12 дархо велла, Ставропол-махкахь – 4, Адыгейхь – 2, ГIалмакхойчохь- цхьаъ.

Пандеми кхайкхийчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 9 394 стаг.

Краснодар-махкахь бу дархой массанхьачул дукха, кIезиг бу уьш Г1алмакхойчохь

Краснодар-мохк + 95 (45 883 пандемин ерриг хенахь)
Ставропол-мохк + 101 (52 723)
Дагестан + 44 (32 501)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 51 (53 279)
Кхарачой-Чергазийчоь + 12 (20 113)
Адыгей + 8 (14 457)
Нохчийчоь + 10 (12 033)
ГIалгIайчоь + 11 (15 476)
ГIалмакхойчоь + 7 (20 460)
Къилбаседа ХIирийчоь + 10 (16 764)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 хааелла 254 819 -зза. Ерриг а Оьрсийчохь Стигалкъекъа-баттан 4-чу денна и терахь ду 4 839 514*.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулоцу аннекси йинчу ГIирмера хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG