ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан Iедалхоша шена кхерамаш тийсарх дIахьедина гIалгIайн оппозиционера


Хазюиев Мохьмад
Хазюиев Мохьмад

Нохчийчоьнан парламентан спикера Даудов Мохьмада а, пачхьалкхан Думан депутата Делимханов Адама а шена чIир кхайкхийна аьлла, дIахьедина гIалгIайн оппозиционера Хазбиев Мохьмада. Шен инстаграм-агIонехь дина цу цунах лаьцна дIахьедар.

Хазбиев Мохьмадан инстаграм-аккаунтерчу агIонан скриншот
Хазбиев Мохьмадан инстаграм-аккаунтерчу агIонан скриншот

Политика бахарехь, чIир хьеяран бахьана ду ши де хьалха цо видеохула бина кхайкхам. Цу тIехь Хазбиев вистхилла Нохчийчоьнан куьйгалле, емал бина, цунна хетарехь, гIалгIайн къам сийсаздийраш. Цул тIаьхьа Хазбиевн ватсапе хаам кхаьчна, хьуна чIир йогIу, тIейогIучу заманчохь хьо кхерамзаллехь ву алий ма хеталахь аьлла.

"Тхо хьехош болу нах оха дийна ца буьту, хьо а вуьтур вац", - аьлла соьга Даудов Мохьмада,- дуьйцу политикан жигархочо. - Цул а пхи минот хьалха соьга телефон туьйхира Делимханов Адама, сан къамелна ша реза вац аьлла, цо а чIир хьейира соьга".

Иштта Хазбиевс хааме даьккхина, Сунжерчу маьждиган имама Цечоев Мохьмад-Салис а шена кхерамаш тийсарх.

Шен видеокхайкхамехь оппозиционеро дIахьедо, "кхин дIа а бакъдерг дийца", шена кхерамаш туьйсур белахь а.

Кху деношкахь кхечу видео тIехь Хазбиев Мохьмада критика йира, къаьмнашна юкъа цим туьйсучарна. Даудов Мохьмаде вистхуьлуш, билгалдаьккхира цо, Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь гIалгIай шайн интересашна ямартбевлира Нохчийчуьрчу мухIажарийн интересаш хьала а айбина, аьлла.

2020-чу шеран ГIура-баттахь хааме даьккхира, ГIалгIайчохь Хазбиевна дуьхьал даьккхина административан гIуллакх сацийна кхело аьлла. Цуьнан хьокъехь гулъйина материал кхачамбацарш дIанисде аьлла, Наьсарарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан декъе юхаяхьийтира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG