ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ставрополехь ламанан буьххье а бевлла, Путине дIагIо аьлла, дехар дина туристаша


Путин Владимир

Стигалкъекъа-беттан 3-чохь Пятигорскерчу Бештау ламанан буьххьехь цхьаалин ши пикет дIаяьхьна Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран политикана дуьхьал. Новогородера ши жигархо Шалякин Виктор а, Черепанова Ксения а ламанан буьххье даьлла хилла "Путин, хьо къена а ву, хьекъал эшна а ву. ДIагIохьа!", "Ца оьшу тиран, оьшу - маршо" аьллачу плакаташца. Кавказерчу Минеральные Воды гIала садаIа деана хилла пикет йина шиъ.

Шайн Оьрсийчоьнан президентах йолу позици йовзийта Iалашонца хьалхе дуьйна кечдинчу плакаташца доладелла лела и шиъ, ламанан буьххье даьлла хилла.

"ДIагIохьа, халкъ хьийза а ца деш. Хьекъале дуккха а нах бу, президентан а, пачхьалкхан урхаллин декхаршца а хьол дика ларор болуш. Ахь дакъазаяьккхина тхан пачхьалкх. Ахь хIаллакйина индустри, медицина, дешар, Iилма. Ас доьху хьоьга, дуьненан еа а маьIIе дIагIохьа. Оха хьуна ахча а латтор дара, ма хьийзадехьа хьайн къам", - аьлла, дIахьедина Новгородерчу жигархочо Шалякин Виктора. Цуьнан позицина тIетайна жигархо Черепанова Ксения а.

Хьалхо хаамашкахь яздора, цхьана хенахь Оьрсийчоьнан президентан Ставрополан кIоштарчу администрацин белхахо лаьттина, политикан жигархо Попов Сергей лаьцна Охан-беттан 27-чохь цхьаалин пикет дIаяьхьча аьлла. Кавминводашца губернаторо Владимиров Владимира лелочу политикана дуьхьал ваьллера иза.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG