ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIаттамхошца лелла аьлла, бехкевинчу дагестанхочун гIуллакх прокуратуре юхаделла


Меттигерчу вахархочун Даитбеков Шемалан гIуллакх Кумторкалинскан кIоштан кхеле дIахьажийна прокуратурано, яздо Кавказ.Реалиино. Цунна бехке диллина герзашца йолчу тобанехь дакъалацар. Даитбековн адвоката Асиялов Аталава дийцина, цуьнан бехк хиларх кхачам боллуш тоьшаллаш цахиларна прокуратуре гIуллакхан материлаш юхаелла хиларх.

"Оха кхелана хьалха а дIахьедира цунах лаьцна. Тхуна дуьхьал даккха цхьа хIума дацара прокуроран. ХIинца ши некъ бу цаьргахь. Оха вовшахтоьхначу кехаташца иза маьршаваккха веза цара, йа гIуллакх юха таллийта деза. Талламо керла бехкаш дуьхьал даха тарло", - дийцина Асияловс.

Маршо Радионо яздира, гIаттамхойн тобанехь лаьттина ву аьлла, кхеле хIоттийначу Дагестанан Кумторкалинскан кIоштан кхело меттигерчу вахархочунна Даитбеков Шемална бархI шо хан тоьхна набахтехь даккха аьлла. Цуьнан адвокато Асиялов Аталава дийцарехь, прокуратурано итт шо дехнера цунна.

Талламчийн версица, лурчаха "Кизилюртовская" олучу тобанах дIа а кхетта, Даитбековс масийттазза Учкент эвлан йистехь хиллачу тIемалошна юург латтийна. Цуьнан гергарнаш а, юьртахой а тешна бу, ницкъаллийн структураша Даитбековна дуьхьал бух боцуш долийна гIуллакх ду аьлла. Эпилепси олу цамгарца а волуш, психиатран терго еш латточу цуьнан аьтто хир бац бехкаш духатоха аьлла хетта полисхошна, гергарчара бахарехь.

Бехкаш дехкина Даитбековна къайлаваьхьначу шина тешо дийцинчунна тIехь. Кхелахой реза ца хилла, уьш бовзийта, церан кхерамзалла ларъеш ду шьаш аьлла, дIа а хьедеш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG