ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ХIумахуу" нах лецна Соьлжа-ГIалахь юха а


Исламан медицинан говзанча Эльжуркаев Адам а, "хIумахуу" Успахаджиева Есимат а
Исламан медицинан говзанча Эльжуркаев Адам а, "хIумахуу" Успахаджиева Есимат а

Нохчийчуьра бахархой лецна, холмачалла лелош хилла аьлла, кхоллаеллачу шеконашца. Пачхьалкхъан "Грозный" телеканалехь юьхьяьхна лецна балийначеран. Дине диллича, церан болх мегаш цахиларх шаьш кхетош, къамел динчул тIаьхьа, чIагIо йина цара кхул тIаьхьа и гIуллакх ца лелон. Бехкаш бохуш, къамел дина цаьрца Соьлж-ГIаларчу бусалба дарба лелочу центран коьрта лоьра Эльжуркаев Адама. Цо чIагIдарехь, холмачалла лелочу царна аьрзнаш деш хилла меттигерчу бахархоша.

Оьрсийчоьнан низамашца а догIуш, Нохчийчоь дуьненан юкъаралла ю. Низамашкахь дихкина дац оцу кепара белхаш бар. Делахь а, оцо новкъарло ца йо нохчийн Iедалхошна дино могуьйтуш дац а бохуш, бозбуанчалаш лелош болу нах леца.

Нохчийчуьрчу пачхьалкхан телехьожийлехь кест-кеста Iорабоху "хIумахуурш". 2019-чу шарахь царех цхьаммо камерана хьалха дIахьедира, ша "дуьненчохь уггар а боьха хIума хиллера, шайтIанал а оьшуш", ша нийсачу новкъахь ца хиллера аьлла.

2021-чу шеран Зазадокху-баттахь депутата Милонов Виталийс Пачхьалкхан Думе низаман проект кховдийра, маги а, халкъан дарбанаш а лелочарна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш дахарх. Оцу артиклца кхаа шаре гергга хан кхачайо, нагахь санна, низамехь доцучу некъашца лелийначу дарбанех и стаг веллахь.
Маги а, жинашца тайна нах хилар а Iилмано тIе ца дуьуту.

ХIумахуурш" Iорабахар дуккхазза а хьехийна Нохчийчуьрчу Iедало 2021-чу шеран Дечкен-баттахь а, Чиллан-баттахь а, дерриг а 2020-чу шарахь а. Палтасархой лецар долийра масех шо хьалха. Лецнарш дукха хьолехь видеокамерашна хьалха къера хуьлу шаьш харцо лелийна бохучунна.

"Терроризмал а, наркоманел а кхераме" ду цара дийриг, олий гойту уьш дукха хьолехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG