ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь уьнах велла 23 дархо. Вирус къаьстина 272 стагаца


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгар кхетта хиларца билгалбевллачу нахах велла 23 пациент, и цамгар карийна кхин а 272 стагехь.

Iедалера болчу хаамашца, Краснодар-махкахь 12 дархо велла, Ставропол-махкахь – пхиъ, Дагестанехь - шиъ, ГIебарта-Балкхарочйохь - а, ГIалмакхойчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а - цхьацца велла.

Пандеми кхайкхийчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 9 438 стаг.

Краснодар-махкахь бу дархой массанхьачул дукха, кIезиг бу уьш Къилбаседа-ХIирийчохь а, Адыгейхь а.

Краснодаран кIошт̆ + 100 (46 081 пандеми яьржичхьана)
Дагестан + 45 (32 591)
Ставропол-мохк+ 40 (53 360)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 21 (23 896)
ГIалмакхойчоь + 15 (20 489)
Нохчийчоь+ 12 (12 054)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 11 (20 134)
ГIалгIайчоь + 10 (15 498)
Къилбаседа -ХIирийчоь+ 9 (16 782)
Адыгей + 9 (14 473)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 хааелла 255 358 -зза. Ерриг а Оьрсийчохь Стигалкъекъа-баттан 6-чу денна и терахь ду 4 855 128*.


*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулоцу аннекси йинчу ГIирмера хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG