ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхошца хиллачу тасадаларехь вийначун гергарнаш лецна ГIалгIайчохь


Наьсара, ГIалгIайчоь

Къилбаседа-ХIирийчоьнца долчу дозанехь герзашца динчу зуламна тIехула лаьцна ГIалгIайчоьнан ши вахархо, хааме даьккхина "Кавказский узел" интернет-ресурсо. Хаамийн гIрсашкахь хьалхо яздира, Охан-беттан 28-чохь Несаран йистехь, ГIалгIайчоьнан а, Къилбаседа ХIирийчоьнан а дозанехь полисхоша кехаташ хоттуш Toyota Camry машен сацийча, ницкъахоша дийцарехь, машенан долахочо герзаца дуьхьало ярх. Дуьхьала герз тоьхна вийнера машен чохь хилларг. Яьржинчу информацица, Кантышево эвлара, хьалхо лехамашка велла хилла Кодзоев вара иза. Вийначун шина гергарчу стеган цIийнах хьоьвсинера ницкъахой тахана.

"Полисхошна тIелатарх гIуллакх толлучу гурашкхаь Маглгобекерчу шина вахархочун Дзауровн а, Картоевн а хIусамах хьоьвсина ницкъахой", - аьлла, дийцина хаамийн гIирсе церан хьостано. Цо бахарехь, таллам бинчу хIусамехь карийна, хетарехь, вийначун хилла герз, яздина "Интерфаксо".

Малгобекерчу Восточная урамехь шина цIийнах хьоьвсина тахана аьлла, хаама бина "ФортангаORG" телеграм-канале язбеллачара а.

Интернетехь видео яьржира, Несарна йистехь ницкъхоша машенна герз а деттий, иза лелош волу стаг вуьйш. Официалан версица ца догIу видео чохь гург, цо герз тоьхнера бохург.

"Фортанга" портало дечу тоьшаллица, вийна волу ГIалгIайчуьра Кодзоев хилла вац тIемало. Иза лаца кхайкхийнера Iедалан белхахочунна цо гIелоярна, амма цкъа а аьлла дацара иза низамехь йоцчу тIеман тобанашкахь хилла. Журналисташа дийцарехь, машен чохь Кадзоевца хилла кхин а ши стаг а.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG