Майнинг-къоланаш баккхийчу барамашкахь дина хиларца хьахийначийн лидершлахь ю Оьрсийчоьнан субъекташлахь Къилбаседа Кавказера регионаш. ТIаьххьарчу шина шерачохь регионехь масех иттаннашкхаь ду ток лечкъор. "Россети Северный Кавказ" компанин информацина тIетевжина "Московский комсомолец" газето яздарехь, динчу зенийн барам бу 233 миллион сом.
Цхьана Къилбаседа Кавказехь къола дина тоькана 2,6 миллион соьмана. Къоланаш динчарна гIуда тоха кхерам бу, цул тIаьхьа цаьрца болх бийр бу кхин дIа бакъоларъяран органаша.
Хьалхо хааме даьккхира, ГIалгIайчуьрчу муфтиято дихкина бусулбанашна криптовалютица йоьзна муьлхха а операцеш лелор аьлла. Яхначу гурахь Дагестанерчу Левашинскан кIоштахь майнинг-фермерша 8 миллион соьмана ток лачкъийра.
2019-чу шарахь ГIалгIайчоьнан вахархочо майнингна аьлла "МРСК Северного Кавказа" ("Россетин бренд)" компанин ток лачкъийра 130 миллион соьмана.
Майнинг – иза криптовалюты доккху компьютерш латтор ду. Иза яц цхьанна долахь, цундела биткоин-валюта яккха таро ю хьеннан а. Майнерша шайн компьтерш латтайо транзакцеш чекхйохучу системин пайденна, цунах ло царна электронан криптовалюта. Яккхийн харжаш хуьлу майнершна еза компьютерш оьцуш а, царна ток латтош а.