ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIебарта-Балкхаройчоьнан муфтиято кхайкхам бина, марха дастарна дозанаш тоха аьлла

Нальчик, ГIебарта-Балкхаройчоь
Нальчик, ГIебарта-Балкхаройчоь

ГIебарта-Балкхаройчуьрчу муфтиято кхайкхам бина Рамадан бутт боьрзуш Марха достучу дийнахь (Iийд ал-Фитр) хIиттош болу массо а кепара даздаран барамаш юкъахбаха беза аьлла.

"Дехар до, нийса кхеташ хилар, хIунда аьлча, ун даржаран кхерам лаьтта хIинца а, цундела вовшийн лардан деза вай", - аьлла, дIахьедина бусулба дин лелочаьрга мехкан муфтийс Дзасежев Хазраталийс.

Iийд ал-Фитран дийнахь ГIебарта-Балкхаройчуьрчу массо а маьждигашкахь Iийда дийр ду аьлла, дIакхайкхийна муфтиято.
Маьждигашкахь вовшахкехта леринчаьрга дехар дина Динан урхалло, Роспотребнадзоран массо а тIедилларш лардар а, шеца цхьана ламазан куз а, масканаш а, дезинфекци ен гIирсаш а бар.

Инстаграме хIоттийначу суьрта тIехь гуш ду оцу юкъанна, ГIебарта-Балкхаройчуьра имамаш муфтиятехь йоьдучу кхеташонехь масканаш а йоцуш хилар. Дуьхь-дуьхьал хевшина бу уьш, социалан дистанци ларъеш а йоцуш.

Хьалхо хаамашкахь дуьйцура, Къилбаседа ХIирийчоь а, ГIебарта-Балкхаройчоь а Оьрсийчоьнан регионашлахь, коьртачу сурсатийн мехаш къаьсттина тIебиттинчу 10 мехкашлахь билгалъяьккхина аьлла.

Ткъа ГIалгIайчохь Рамаданан баттахь мехашна тIехь терго латтон вовшахтуьйхира лерина комисси.

This item is part of
XS
SM
MD
LG