ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь уьнах велла 24 дархо. Вирус къаьстина 286 стагаца


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгар кхетта хиларца билгалбевллачу нахах велла 24 пациент, и цамгар карийна кхин а 286 стагехь.

Iедалера болчу хаамашца, Краснодар-махкахь 11 дархо велла, Ставропол-махкахь – пхиъ, ГIебарта-Балкхарочйохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, Адыгейхь а - шишша велла, Дагестанехь а, Г1алмакхойчохь а - цхьацца.

Пандеми кхайкхийчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 9 462 стаг.

Краснодар-махкахь бу дархой массанхьачул дукха, кIезиг бу уьш Адыгейхь.
Краснодаран кIошт̆ + 95 (46 176 пандеми яьржичхьана)
Дагестан + 45 (32 636)
Ставропол-мохк+ + 54 (53 414)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 21 (23 917)
ГIалмакхойчоь + 12 (15 510)
Нохчийчоь + 10 (12 064)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 13 (20 147)
ГIалгIайчоь + 10 (15 498)
Къилбаседа -ХIирийчоь + 10 (16 792)
Адыгей + 9 (14 482)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 хааелла 255 644 -зза. Ерриг а Оьрсийчохь Стигалкъекъа-баттан 7-чу денна и терахь ду 4 863 514*.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулоцу аннекси йинчу ГIирмера хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG