ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгар кхетта хиларца билгалбевллачу нахах велла 25 пациент, и цамгар карийна кхин а 298 стагехь.
Оперативан штабан хаамашца, Краснодар-махкахь 12 дархо велла, Ставропол-махкахь – пхиъ, Дагестанехь - кхоъ, ГIебарта-Балкхарочйохь - а, ГIалмакхойчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а - цхьацца велла.
Пандеми кхайкхийчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 9 487 стаг.
Краснодар-махкахь бу дархой массанхьачул дукха, кIезиг бу уьш Адыгейхь а.
Краснодаран кIошт̆ + 97 (46 273 пандеми яьржичхьана)
Дагестан + 46 (32 682)
Ставропол-мохк + 69 (53 483)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 21 (23 938)
ГIалмакхойчоь + 16 (20 522)
Нохчийчоь + 9 (12 073)
Кхарачой-Чергазийчоь + 12 (20 159)
ГIалгIайчоь + 11 (15 521)
Къилбаседа -ХIирийчоь + 9 (16 801)
Адыгей + 8 (14 490)
Таханенна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 хааелла 255 942 -зза. Ерриг а Оьрсийчохь Стигалкъекъа-баттан 8-чу денна и терахь ду 4 871 843* .
*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулоцу аннекси йинчу ГIирмера хьал.