ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIеман гIирс карийначул тIаьхьа ГIалгIайчуьра кхо вахархо лаьцна


Малгобекан кIоштарчу Юкъера Ачалкхера ши вахархо а, Магасера цхьаъ а лаьцна ГIалгIайчохь. Полисхоша царна бехкаш дехкина, цхьацца деношкахь церан хIусамашкахь герз карийна шайна аьлла. Куьйга кечдина хIоъмолха карийна Магасерчу вахархочуьнгахь (1994-чу шарера) кху беттан 6-чохь, хаам бина ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн пресс-гIуллакххоша. Цара бахарехь, лаьцначо дIахьедина, карарчу шеран Охан-баттахь йинера и ша аьлла. Несарарчу СИЗО-хь дIатарвина иза цкъачунна.

Оццу дийнахь ГIалгIайчуьрчу ФСБ-н белхалошна экстремизмна дуьхьало латточу центрерчу шайн коллегашца цхьана Малгобекехь вехачу 1966-чу шарерчу вахархочун хIусамехь карийна куьйга кечдина хIоъмолханаш. ЦIийнах хьовсучу заманчохь иза ша цIахь ца хилла.

Стигалкъекъа-беттан 7-чохь дIахьедина полисхоша, Охан-беттан 28-чохь Юкъерчу Ачалкхерчу шина вахархочуьнгара (1992-чу а, 1991-чу а шерашкара) кеп-кепара герз а, лоьлхуьйтурш а, травматикан тапча а, патармаш а, цхьацца кепара хIоъмолханаш а даьхна шаьш аьлла. "Малгобекский" цIе йолчу изоляторехь латтош бу кегийрхой. Бакъо йоцуш герз лелорна бехкебинчу лецначарна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш даьхна.

Хьалхо Маршо Радионо яздира, Несара йистехь ницкъхоша Toyota Camry машенца хилла стаг верах лаьцна. Йолчу информацица, вийнарг хиллера федералан лехамашкахь хилла ТIой-Юьртара (Кантышево) вахархо Кодзоев Мохьмад.

Официало бахарехь, полисхошна тIе герз детта волавелларг иза ву, шаьш машенах хьовсийта аьлча. "Ницкъхой автотранспорт зен гIоьртича, машенлелорхочо герз детта долийна. Дуьхьалоеш иза хIаллаквина", - яздора "Интерфаксо", шен хьостанна тIе а тевжаш.
Baza телеграм-каналан информацица, Бютукаев Асланан тобанхойх тIаьххьарниг хиллера иза.

Интернетехь видео яьржира, Несарна йистехь ницкъхоша машенна герз а деттий, иза лелош волу стаг вуьйш. Официалан версица ца догIу видео чохь гург, цо герз тоьхнера бохург.
"База" телеграм-канало яржийначу кадрашкахь гуш ду тIеман духарахь болчу полицин белхахоша шайна машенашца вийначун машенна дуьхьаллелхаш. ДIаяха гIертачу Toyota Camry-на тIе дуккха а герзаш детта полисхоша, тIаьхьа а уьдуш. Эххара а соцу машен, ткъа герз ца сацадо цунна тIедеттачуьра.

"Фортанга" портало дечу тоьшаллица, вийна волу ГIалгIайчуьра Кодзоев хилла вац тIемало. Иза лаца кхайкхийнера Iедалан белхахочунна цо гIелоярна, амма цкъа а аьлла дацара иза низамехь йоцчу тIеман тобанашкахь хилла.

Охан-баттахь Федералан халкъан гвардин эскарийн буьранчас Золотов Виктора дIахьедира, тIаьххьарчу шерашкахь Къилбаседа Кавказехь лахбелла терроран кхерам, регионехь юьсуш яц кегий гIеранаш бен, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG