ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгар кхетта хиларца билгалбевллачу нахах велла 19 пациент, и цамгар карийна кхин а 289 стагехь.
Оперативан штабан хаамашца, Краснодар-махкахь 11 дархо велла, Ставропол-махкахь – пхиъ, Кхарачой-Чергазийчохь - шиъ, ГIалмакхойчохь - цхьаъ велла.
Пандеми кхайкхийчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 9 506 стаг.
Краснодар-махкахь бу дархой массанхьачул дукха, кIезиг бу уьш Адыгейхь.
Краснодараан кIошт + 92 (46 365 ву пандеми яьржичхьана)
Ставропол-мохк + 62 (53 545)
Дагестан + 47 (32 729)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 20 (23 958)
Кхарачой-Чергазийчоь + 14 (20 173)
ГIалгIайчоь + 13 (15 534)
Къилбаседа ХIирийчоь + 11 (16 812)
Нохчийчоь + 11 (12 084)
ГIалмакхойчоь + 10 (20 532)
Адыгей + 9 (14 499)
Таханенна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 хааелла 256 231 -зза. Ерриг а Оьрсийчохь Стигалкъекъа-баттан 9-чу денна и терахь ду 4 880 262* .
*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулоцу аннекси йинчу ГIирмера хьал.