ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах кхелхина и цамгар кхеттарца билгаваьлла хилла 24 пациент, керла цомгуш хилларш бу 277.
Iедалан хаамца, коронавирусах Краснодар-махкахь велла 12 стаг, Ставропол-махкахь – 5, Адыгейхь – 3, Дагестанехь, Кхарачой-Чергазийчохь, Нохчийчохь цхьацца вахархо велла.
Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандемин муьрехь уьнах велла ларало 9 530 стаг. Уггаре дукха ун кхетта нах билгалбевлла дийнахь-буса Краснодар-махкахь – 93, уггаре кIезиг – Адыгейхь.
- Краснодар-мохк + 93 (46 458 пандеми йолаелчхьана схьа)
- Дагестан + 50 (32 779)
- Ставропол-мохк + 49 (53 594)
- ГIебарта-Балкхаройчоь + 20 (23 978)
- ГIалмакхойчоь + 14 (20 546)
- Кхарачой-Чергазийчоь + 12 (20 185)
- Къилбаседа ХIирийчоь + 11 (16 823)
- ГIалгIайчоь + 10 (15 544)
- Нохчийчоь + 10 (12 094)
- Адыгей + 8 (14 507)
Таханенна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 ун хьакхаделларг ву 56 508 стаг. Ерриг Оьрсийчохь и терахь ду, официалан хаамашца - 4 888 727*.
*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIирмера хьал.