ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чехино диъ миллиард крона доьхур ду Врбетицехь лелхийтарш дарна Оьрсийчоьнера


Оьрсийчоь лаххара а цхьа миллиард крона (47 миллионов долларов) ахча Врбетицехь 2014-чу шарахь герзан хIоьънийн ларманаш лелхийтарна охьадилла декхарейийр ю Чехино. Иштта ду Чехин телегойтийлехь финансийн министра Шиллерова Аленас дина дIахьедар.

Денош хьалха оццул компенсаци еха тIедожийра пачхьалкхан парламенто Чехин Республикан Iедална.

Прага дагахь ю масех кIиранах компенсаци ехарх долу документаш кечдан. Хьехош доллучул ахча дайъина пачхьалкхо шен бюджетера лелхийтарша дина зен меттахIоттош.

Чехин телегойтийло бахарехь, цхьа миллиард крона цкъачунна хаьхийна терахь бен ца хила а тарло, шена зен хиллачу регионо ша а къасто мега йинчу харжийн а, хиллачу цатеман а барам. Амма Оьрсийчоьнера компенсаци хирг хиларх кIезиг теша цхьаболу бепутаташ а, эксперташ а. Масала, ишта ойла йолучех ву депутат Бенешик Ондржей. Делахь а, Чехин Iедало дIадеха деза оццул ахча, Прага "иштаниг ловр долуш йоцийла" хоуьйтуш, аьлла цо "Настоящее время" телеканало бахарехь.

Чехин Iедалхоша чIагIдарехь, Оьрсийчоьнан къайлаха сервисаша гунахь ю 2014-чу шарахь Врбетице юьртарчу герзаш латточу гIишлошкахь лелхийтарш дарна.

Праго дохку бехкаш дIатеттина Оьрсийчоьнано. Хиламца доьзна Европан Барто шен мехкашкара арабоххучул дипломаташ Оьрсийчуьра дIахьийсош хьийза Кремл.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG