ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Израило динчу тохарша шайх 20 стаг вийна, чIагIдо палестинахоша


Израилан тIеман ницкъаша хIаваэхула тохар дина радикалан тобанна Хьамасна Газа секторехь. Израило бечу хаамца, исламан радикалех вийна лаххара а кхо стаг. Царех цхьаъ ву, Iаьрбийн Asharq Al-Awsat газето бахарехь, Газа секторехь Хьамас боламна урхалла деш хиллачех волу Фаяд Мухьаммад. Палестинан могашаллин министралло дIахьедина, Израило хIаваэхула динчу тохарша 20 стаг вийна, шайлахь бераш а долуш, аьлла.

Шена дуьхьал ракеташ тохарна делла жоп ду ша дина тохарш, чIагIдо Израило. Тохаршна кIел нисъелла парламентан цIенна гонахара территори. Чохь хилла нах кхерамзалла йолчу метте дехьабаьхна.

Ши де дара Израилан а, палестинахойн а юкъаметтигаш телхина йогIу. Хьамасан Газа секторерчу дакъойн лидерша дIахьедарш дора, оршотдийнахь полицина дуьхьаллаьтта бIеннаш палестинахой лазорна шаьш бекхам бийр бу, бохуш.

Израилан тIеман буьйранчаша билгалдоккху, Газа секторна хIинца дина тохарш – иза ден долчу таIзаран юьхьиг бен яцар. Израилан премьер-министра Нетаньяху Биньамина ша динчу дIахьедарехь аьлла, "цIечу сизал дехьаяьлла" Хьамас.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG