ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Казанерчу школи чохь герзаш диттина бевзаш боцчара


School 175 Kazan
School 175 Kazan

ТIелеттачех цхьаъ вийна хила тарло.

Казанехь, Файзи Джаудатан урамерчу № I75 школи чохь герзаш диттина бевзаш боцчу наха, хаам бо ГIезалойчуьрчу прессо. Бохам хиллачу метте дIаоьзна орцан хьукматийн ницкъаш. Нах школи чуьра арабохуш бу корашкахула. Юхьанцарчу информацица, тIелеттачех цхьаъ вийна, шолгIанин, я массех, школи чохь ву хIинца а.

№ 175 школин сайто гайтарехь, эзар сов бер ду цигахь доьшуш.

ТАСС агенталло, шен хьостанашна тIе а тевжаш, хаам бо школи чохь герз детта волавелларг кхиазхо ву, иза лаьцна, бохуш.

"Интерфаксан" хьасташа дийцарехь, "герз дохьуш веъна дешархо школе, лазийна шеца доьшу бераш, лаххара а цхьа дешархо садоьIуш вац".

Telegram-каналаша беллачийн, лазийначийн терахьаш хьехадо кеп-кепара. "112" Telegram-канало бахарехь, вийна ворхI – ялх дешархо а, цхьа хьехархо а. Закъалтанна нах лецна Iа герз карахь дерш.

Baza Telegram-канало беллачийн терахь даладо 9, лазийначийн – 10. Цхьаццаболчу хаамийн гIирсаша дийцарехь, школин гIишло яккха кечлуш бу ницкъхой.

ГIезалойчоьнан президент Минниханов Рустам вахана № 175 школа йолчухьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG