Акустикаца шайн дипломатийн могашалла галъяхар Оьрсийчоьнан тIеман талламийн урхаллин (ГРУ) белхахойн карах нислуш долчух тера хета Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташна. Иштта бу Politico хаамийн гIирсо, шен хьасташна тIе а тевжаш, бен хаам.
Цхьаьнатоьхначу Штатийн къайлахчу сервисаша дуьззина билгал ца даьккхина америкахойн могашалла талхаран бахьана, амма акустикаца царна зен деш хилар толлуш ду.
Хьостано чIагIдарехь, ГРУ еккъа цхьа урхалла ю Оьрсийчохь акустикан тIелетарш дан таро йолуш. Politico-ца къамел динчу Американ кхерамзаллин хьукматехь болх бинчу хьостано дийцарехь, и тайпа технологеш хила мега Израилан а, Китайн а, амма цара болх ца бо инциденташ билгалъевллачу меттигашкахь.
2016-гIа шо доьрзучу муьрехь Гаванерчу Американ дипломаташа хаам бира, шайна цхьа ирча гIара хеза, цул тIаьхьа кортош хьийза, лазабовлу, дегI малло, координаци юху, лерса дов, аьлла.
2017-чу шарахь Цхьаьнатоьхначу Штаташа шайн дипломаташ цIабигира Кубин коьртачу шахьарара. ХIетахьлерчу президента Трампа Кубин Iедал бехкедира акустикан тIелетарш дарна, Вашингтонера араваьккхира оцу пачхьалкхан 15 дипломат. Гавана къера ца хилира шена тIебаьхьначу бехканна.
2018-чу шеран аьхка Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа Китайрчу Гуанчжоу гIалара дIавигира шен масех дипломат, цигахь царна изза "акустикан тIелатар" дича. Китайн Iедало ша таллам бина, цхьа а шеко йолуш хIума шена ца карийна, элира.
2019-чу шеран Охан-бутт боьрзуш CNN телеканало хаам баржийра, акустикан зуламан билгалонаш хааелла Цхьаьнатоьхначу Штатийн территори тIехь, аьлла. Вирджиния штатехь шена акустикан тIелатар дина, хаам бора КIайчу цIийнан белхахочо-зудчо. 2020-чу шеран Лахьан-баттахь изза хааделира, инцидент хиллера КIайчу цIенна гергахь.
Politico-н хьасташна билггал ца хаьа, цхьа бух болуш ду я дац дозанал арахьа а, Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь а хаалуш долу "акустикан тIелетарш".
2019-гIа шо доьрзуш хаам баьржира, магнитан-резонансан томографино гайтина Цхьанатоьхначу Штатийн Куберчу дипломатех 40-нна коьртан лазар хьакхаделла хилар, аьлла.