ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилба ХIирийчоьнан президента дакъалаьцна "Донбассехь шайн лаамехь тIом бечийн" кхеташонехь


Ша-шех пачхьалкх кхайкхийначу Къилба ХIирийчоьнан президент Бибилов Анатолийс хьешан статусехь дакъалаьцна Ростовхь хиллачу "Донбассехь шайн лаамехь тIом бечийн цхьаьнакхетараллин" буьйранчийн кхеташонехь. Оцу хьокъехь, Бибиловн пресс-векалтанна тIе а тевжаш, хаам бо "Рес" агенталло.

Барамехь вистхуьлуш Бибилов Анатолийс дIахьедина: "Къилба ХIирийчоь ша цхьа пачхьалкх ю Донецкан а, Луганскан а халкъан республикаш кхобалйина".

"Ас цунах дозалла до. Вайн пачхьалкхийн юкъаметтигаш лаккхарчу тIегIанехь ю. Вай кхидIа а дерриг дийр ду вешан халкъаш герга дигарехь, царна вовшийн довзийта", – аьлла Бибиловс.

"Донбассехь шайн лаамехь тIом бечийн цхьаьнакхетаралло" а, "Цхьааллин Оьрсийчоь" партино а бертан кехат хIоттийна вовшашлахь. Буха куьйгаш яздина "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин инарла кхеташонан секретара Турчак Андрейс а, "Донбассехь шайн лаамехь тIом бечийн цхьаьнакхетараллин" кхеташонан куьйгалхочо Бородай Александра а.

Бибилов зезагаш дехкина Ростоврчу Культуран паркерчу " Донбассан турпалхой" хIолламе. Кестта иза хир ву "ДНР-хь" а, "ЛНР-ехь" а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG