ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

70 гергга байъина дешархой а, тIалибашца ханна дина маслаIат а


Кабулерчу школана динчу тIелатарна дуьхьал Бамианехь хIоттийна протест
Кабулерчу школана динчу тIелатарна дуьхьал Бамианехь хIоттийна протест

Стигалкъекъа-беттан 8-чохь суьйранна Кабулан малхбузехь эккхийтира молханех юьйлина машен. Оцу зуламехь мел лахара а 68 стаг вийра, 150 гергга бара чевнаш йинарш. ШолгIа эккхийтар дира Стигалкъекъа-беттан 10-чу дийнахь, цигахь вийра 11 стаг.

Настоящее Время телеканало дуьйцу, оцу инцидентехь зенаш хиллачех а, стенна аьлла оцу тIелатарх Iедалша геноцидан акт а, ОвхIанистанера Американ эскарш арадохуш ду аьлла, динчу дIахьедаршца оцу регионехь ницкъбар чIагIдаларх а.


Школера эккхийтар

Терактехь еллачу 7-чу классерачу дешархочун, 15 шо долчу Масуман нана Гульсума, хIинца а меттаянза ю. Шен йоI юьхьа тIехь дуьххьара ца евзира шена, боху цо.

"Сахьташкахь лийхира ас сайн йоI, цхьана дарбан цIийнера вукхунхьа йоьдуш, эххар а иза каряаллалц. Юьхь яьгна сайн йоI йовза хала дара суна. Цуьнан кроссовкаш гира суна - цул тIаьхьа кхийтира со, иза Масума хиларх", - дуьйцу нанас.

Масума цхьа шатайпа бер дара, боху нанас. Шен хене хьаьжна ца Iаш, гIеметтахIоьттинчу дена гIо дора цо, напха латтош. Йоккхахйолчу йишица ЗахIрайца цхьана кузаш дора цо, ишта ахча доккхура цара.

Дуьххьара динчу эккхийтарехь лазийра ЗахIра, дийнахь-буса а дарбан хIусамехь латтийра. Шоьтан Iуьйре дагалоьцу йоIа: Марха достучу денна юург оьцуш нанна гIо а деш, цIахь Iе аларх, къар ца елира иза, боху цо.

"Оцу дийнахь иза школе яха чIогIа ца лаьара суна, амма йиша реза ца хилира. Дукха езара цунна школа а, шеца цхьана доьшуш болу шен доттагIий-зудабераш а. Со кхеташ яц, Масума йоцчу цига со муха лелар ю, дегайовхо яц тхан кхин дIа", - боху йоIа.

Уллора дарбан хIусамаш юьзна ю чевнашца долчу берех. Оцу терроран тохарехь лазийначу Iабдуррахьманца хIинцца бен къамел дойла хилла дац цуьнан доьзалан. Эккхийтарехь кийра цIий хьаьддера цуьнан. Кхетамчохь воцуш масех де даьхьна цо. Цкъачунна хьалхе ду, иза гIолехь ву ала.

"Делан пурбанца, гIоле хир ю цунна, амма сан са хьийза вукху берашкарчу хьолана. Ас Iаламат чIогIа са гатдо, цхьа доьзал санна ма дара тхо. Тхан массо а бераш цхьана школехь кхиъна ма ду", - дуьйцу кIентан дас Резас.

Иштта бу цу дийнах Iабуррахьманан дагалецамаш:
"Эккхийтар хилча, сайн йижаршна орцах дIахьаьдира со, оцу школехь доьшуш бу уьш а. ГIишлона герга со кхаьчча, шолгIа а, юха кхозлагIа а эккхийтар хезира суна. Цул тIаьхьа хилларг суна дага ца догIу", - дуьйцу Iабдуррахьмана.

Дукхахболу чевнаш йинарш хIинца а метта бахканза, лоьрийн тергонехь бу уьш. ХIетте а, лоьрша боху, дукхахболчарна гIоле хуьлуш ю.

Оцу юкъанна, Iедалхоша шоьтан дийнахь хилла тIелатар геноцид лерина. Цу кIоштахь бехаш бу, кест-кеста суннитан радикалан тобанхоша тIелатарш ден, дуккхаъ а шииташ-хазарейцаш.

Дуккхаъчу шерашкахь оцу кепара тIелетарш деш, зударшка дешийтарна а, пачхьалкхан политикан дахарехь цара дакъалацарна а шога дуьхьало латтош схьайогIучу экстремистийн "Талибан" тобанна тIедожийна Iедалхоша динчу террроран тохарх жоьпалла. Амма цуьнан лидерша тIе ца лоцу хиллачух жоьпалла, ОвхIанистанан Iедалхошна бехкаш дохку цара, лелхийтаршна гунахь бу, бохуш.

Школана гергарчу кIошташкарчу дуккхаъчу бахархоша а, оцу лелхийтаршкахь беллачийн доьзалша а хиллачу зуламна бехке бо Iедалхой.

Пачхьалкхехь кхерамзалла латта ца ло цаьрга, аьлла хета царна, цундела ОвхIанистанан президентна дарж охьадиллар тIедожийна цара.

Рамадан боьрзучу юкъанна дина маслаIат

ТIелатарш хиллачул тIаьхьа "Талибанан" лидерша дIакхайкхийра бусулбачийн мархийн бутт берзарца доьзна кхаа денна маслаIат. Оцу кепара маслаIаташ дIакхайкхадо тIаьххьарчу масех шерачохь, къаьсттина оцу дезачу деношкахь.

Охан-баттахь тIалибаша герзашца тIелатарш долийра ОвхIанистанан къилберчу Лашкаргах гIалахь а, Кандагар провинцехь а. ТIемалойн аьтто белира пачхьалкхан эскарш юха а тоьхна, Кандагарна уллорчу, пачхьалкхехь йоккхахйолу шолгIа дамба шайн караерзо. Меттигерчу фермершна коьрта ю иза.
Иштта тIемаш бу боьлхуш пачхьалкхан къилбаседанехь, цигахь "Талибано" дIалаьцна мел лахара а Нахринера а, Баглан-и-Маркзаера а пачхьалкхан тIеман ши база. Шина а агIор нах а бойъуш, дIахьош бу тIемаш.

Пачхьалкехь хьал ирделла догIу, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа ОвхIанистанера шайн эскарш арадохур ду аьлла, дIахьединчул тIаьхьа.

ОвхIанистанера эскарш арадахар

Стохка Зазадокху-баттахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, "Талибан" тобано а машаран кехатна куьйгаш яздира.
Юьхьанца ОвхIанистанан Iедалхой дуьхьал бара тIалибашца барт бан, амма эххар а, дийцарш дан охьаховша дийзира церан.
ОвхIанистанера кхерамзаллин сферехь хьал телхина догIу аьлла, хета ГIани Ашрафан коьрта урхаллехь болчарна.

ТIалибашна бехкаш дохку хьаькамаша. Пачхьалкхера хьал чIагIдарна шайн бехк хилар тобанхоша тIе ца дуьту. Вашингтонца бина машар дуккхаъчу шерашкахь ОвхIанистанехь лаьттина тIом берзоран некъ бу бохуш, дIахьедо цара.

2021-чу шеран бIаьста Американ керлачу президенто Байден Джос дIахьедира, ОвхIанистанера эскарш арадаха дагахь ву ша, теракташ хилла Гезгамашин-беттан 11-чу дийнахь 20 шо кхачале аьлла.

Иштта къаьстина, Американ Iедалхой йоллу регион дIатаса дагахь цахиларх а, шайн эскарш Юккъерчу Азехь - Узбекистанехь а, Таджикистанехь а дIатардан Iалашо йолуш хиларх, хаам бина The Wall Street Journal-о, Американ тIеман буьйранчашкарчу хьосташна тIетевжина.

Иштта хаамийн гIирсо билгалдоккху, Пентагонна тIеман базаш оьшуш хиларх шайн артиллерина а, БПЛА-на а, авиацина а аьлла. Газетан хьосташа бахарехь, Американ Цхьанатоьхначу Штаташна лаьа, эскарш арадаьхначул тIаьхьа а, овхIанхойн Iедалхошна гIо латто "Талибан" сецош. Оцу Iалашонна аьхна хир ду царна шайн эскарш ОвхIанистанца дозанашкахь йолчу пачхьалкхашкахь дIатардича.

Делахь а, Оьрсийчоьнан эскарш чохь хиларо а, оцу регионехь Китайн Iаткъамбар алсамдолуш хиларна а, церан планашна новкъарло хуьлу, бакъдо официалехь. Иштта тIеман буьйранчаша ойла йо, шайн эскарш ГIажарийн аймехь (Персидский залив) дIатардан, йа хӀаваан кеманаш лелочу регионехь дIатардан.

ОвхIанистанера Американ буьйранчаш

2001-чу шарахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа ОвхIанистане дигира шайн эскарш, Гезгамашин-беттан 11-чохь теракт дина бутт баьллачул тIаьхьа. ХIетахь пачхьалкхан урхаллехь, "Аль-Къайдан" лидер, дина тIелатар вовшахтоьхначех хилла Бен Ладен Iусама, лечкъош болу тIалибаш бара. НАТО-н эскарца юкъахь амеркахоша кеманца тохарш дира хIетахь пачхьалкхан гIишлошна а, "Аль Къайдан" Iамораш дIахьочу каппашна а.

2000-гIа шо юккъе даьллачу заманчохь ОвхIанистане уьйзира 100 эзар сов Американ тIемало: цара массара а лоьхура лаьмнашка бевдда дохийначу "Талибанан" а, "Аль-Къайдан" Iедалан лидерш.
Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа куьйгалла деш пачхьалкхехь харжамаш хилла, Iедал маьршачу некъашца дIакховдинашшехь, оцу пачхьалкхехь кхачо йоллуш машар хIоттон ницкъ ца кхаьчна тахана а.

2014-чу шарахь "Талибанан" жигаралла юха а чIагIъелира.
Эскарш арадохуш йолийна программа саца а йина, кхин а ницкъаш тIеозон дийзира Американ.

Хьал чолхе долу, ОвхIанистанан малхбузехь 2010-гIа шо юккъе даьлчахьана юкъаяьлла "ИГИЛ" экстремистийн тоба хиларца. ХIинца а шайн могIаршка студенташ а, фермерш а ийзош, схьабогIу даIишхой. Уьш боцурш а, пачхьалкхехь жигараллица хьийза иттех кхин йолу вовшашца уьйраш йоцу экстремистийн тобанаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG