ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

8 гуьржи а, цхьа нохчо а къоланаш дарна набахте хьажийна Францехь


Нохчийчуьра схьаваьллачу 49 шо долчу Гантемиров Якъубна – нахера деши хIуманаш оьцучу туькан куьйгалхо хилла иза – Францерчу Монтобанехь йинчу кхело кхачийна набахти такхар. Иза бехке лору, деши чохь долчу меттигашна чу а вуьйлуш, 75 къола дарна. Оцу хьокъехь хаам баржийна меттигерчу La Republique des Pyrenees газето.

8 шо хан тоьхна Гантемировна. Кхело дихкина цунна Францехь ваха. Иза воцуш, кеп-кепара хенаш йиттина цуьнца цхьаьна къоланаш лелийначу 8 гуьржийчунна а.

Болчу хаамца, тобано къоланаш деш хилла Беарн провинцехь а, Францин ерриг а къилба-малхбузехь а.

  • Охан-бутт боьрзуш Францехь лецира 28-48 шераш долу ворхI кавказхо. Шеко яра Iедалан уьш террорца бозабелла хиларх а, цара Шема ахчанаш хьийсорах а.
  • Хьалхо Францино депортаци йира Нохчийчуьрчу мухIажарна Гадаев Мохьмадна. Иза карарчу хенахь Нохчийчохь ву, амма иза Iедало къайлаваьккхина меттиг хууш яц гергарчарна. Ша Францера араваккхале, протест кхайкхош, шен гай этIийра Гадаевс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG