ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Палестинахоша 600 сов ракета хецна Израилан агIор. Аэропорт къевлина ю Тель-Авивехь


Шинарин сарахь Палестинерчу радикалийн дакъоша 130 сов ракета хецна Израилан агIор. Хаамийн гIирсаша дийцарехь, дараш хилла, амма цкъачунна церан терахьаш къастош ду.

Болчу хаамца, цхьа ракета кхетта Тель-Авивна йистерчу Холон кIошта лелачу автобусна тIе.

Ракеташ тохарца доьзна ханна сацийна Бен Гурионан цIарх йолчу аэропортан болх, гIишлош чуьра арабаьхна нах, ткъа Тель-Авиве лелаш хилла кеманаш дIахьовсийна Кипре.

Ерриг а Газа секторера тIаьххьарчу дийнахь-буса Израилан агIор кхоьссина маситта бIе ракета – прессо бахарехь, 600. Царех дукхахъерш хIаллакйина стигалахь турс латточу "Аьчка тхов" олучу Израилан технико, ткъа масех кхаьчна хьажийначу меттигашка.

Шинарин буса Израилан прессо хаийтина Ашкелон гIалахь ши къано яларх а, иттаннаш лазорах а лаьцна.

Ракеташ тохарх долу жоьпалла шайна тIеэцна радикалийн Хьамас а, "Исламан джихад" а тобанаша.

Израилан тIеман ницкъаш тIелетта 100 сов палестинахойн тIеман объекташна. Царех цхьаерш нисъелла маьрша адамаш дехачу цIеношна гергахь. Шинарин буса Палестинан хаамийн гIирсаша информаци яржийна, масех цIа а дохийна, иттаннаш нах а байъина, аьлла. Израилан агIоно, ша радикалан тобанашна тIе бен ца детта герз, боху.

Регионехь хьал телхина тIаьххьарчу деношкахь, Малхбалерчу Иерусалимера Iаьрбийн масех доьзал арабаккха торуш хиларца доьзна. Иштта сацам бина Израилан кхело. Оцунна реза ца хилла палестинахой. Стигалкъекъа-беттан 7-чохь, сарахь, маьркъажа ламазаш динчул тIаьхьа цара тIулгаш, шишанаш, аьчка чкъораш кхийса долийра полисхошна тIе.

Конфликт йижош, полицино Ал-Акса маьждиге а, кхечу езачу меттигашка а боьду некъаш къевлира. Палестинерчу прессо хаам барехь, израилхоша резаьнкин дIаьндаргаш етта, гIара йоккху гранаш кхийса йолийна. Цхьа хан яьлча полицино ницкъаша маьждигера арабаьхна нах.

Палестинахой хIусамаш чуьра арабахарх болу сацам кхочушбар сацийна Израило, амма летарш ца севцца.

Конфликт естарца доьзна Израилан полицино дихкина бахархошна Безачу Лома тIе боьлху некъаш жуьгташна а тIехь, ца бина ларам къоман дезаденна а (Иерусалиман Денна). Оцу дийнахь, 1967 шарахь, Израило шен суверенитет хIоттийна гIалин малхаблерчу кIошташна тIехь.

"Иерусалиман тур" цIе йолу тIеман операци дIакхайкхийна палестинахойн агIоно. "Пенийн ха" операци йолийна Израило а. Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацино а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а собаре хилар доьху агIонашка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG