ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн латархо Чимаев кхузза чекхваьккхина допинган зерех


Нохчийн ММА латархо Чимаев Хьамзат бетта чохь кхузза чекхваьккхина допинган зерех. Оцу хьокъехь яздина шен инстаграм-сторисехь цуьнан менеджера Зубайраев Адама.

Цо гойтучу видео чохь Чимаевца цхьаьна цуьнан дилх талла кечлуш бу антидопинган USADA агенталлин эпсарш. "Бетта чохь – кхузза USAD-е", – яздина латархочун векало, гIайгIане смайлаш а йохкуш.

UFC низамо доппинг таллар дозу дуккха а бахьанашца, масала, спортхочо цIеххьара лаккхара жамIаш дахарца, тренеран цIарца, яхначу заманахь допингца боьзна хьовзамаш лелла хиларца.

Допинг дегIаца хааелча, деа шарна дисквалификаци кахйкхайо спортхочунна, тестех хеннахь чекхволуш вацахь, 12 бетта чохь кхузза тест дIа ца еллехь, дисквалификаци кхайкхайо шина шарна.

  • Швецехь вехачу UFC-н юккъерчу йозаллин латархочо Чимаев Хьамзата хьалхо дIахьедира Инстаграмехула, ша шен спортера карьера дIатосу, аьлла. Цул тIаьхьа Кадыровс, шен Чимаевца къамел хилла, иза спортехь вуьсувш ву, элира. ТIаьхьо Швецера Нохчийчу дIавигира UFC –н латархо Кадыров Рамзана. Таханенна Нохчийчохь ву Чимаев Хьамзат.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG