ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Демократин лагерь: оьрсийн антипутинхой а, европин нохчий а цхьаьнакхетта Берлинехь


Нохчийчуьрчу тIемашкахь дайъина адамаш дагалоцучу дийнан декъашхой
Нохчийчуьрчу тIемашкахь дайъина адамаш дагалоцучу дийнан декъашхой

Берлинехь Бранденбурган кевнашна уллехь дIаберзийна шен болх дийнахь-буса а баттахь лаьттинчу, Путин Владимиран Оьрсийчуьрчу оппоненташа вовшахтоьхначу "Демократин лагеро". Цуьнан коьртачу мероприятех цхьаъ яра хьалхара а, шолгIа а Нохчийчохь хиллачу тIемашкахь белларш дагалацаран де а, таханлерчу Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъян дIахьуш болу къийсам а.

Радио Свободан корреспондент Векслер Юрий цхьаьнакхийтира Берлинехь дуьхьалонан лагерь кхоьллинчерах цхьанца Папков Владимирца:

— Оха схьабиллира [тIемашкахь байинарш дагалоцучу дийнахь] гайтам. Иза хьажийна бара нохчийн халкъана тIехь геноцид ярна, белларш дагалацарна. Сурташна тIехь яра бомбанаш йиттина йохийна нохчийн гIаланийн ирча сценаш, халахеташ делахь а, йохийначу Оьрсичоьнан кеманаша бомабанаш а йиттина. Цхьа ша-тайпа символан дара нохчий де долалуш.

Папков Владимир
Папков Владимир

Къамелаш дира немцойн эксперташа - даймохк дIатаса дезна махка бевллачу нахана кхузахь Германехь гIо деш болчу наха. Билгалдоккху ас, Европан Бертан территори тIехь вехаш хилар 200 эзар гергга нохчийн мухIажир. Царах лаххара а 50 эзар – Германин территори тIехь.

Оха массарна а хезаш кхузахь гIовгIане нохчий кхуза балийначу проблемех лаьцна дуьйцуш, чIогIа мехала дара, Нохчийн республикан - Ичкерин арахьарчу Iедалан премьер-министран Закаев Ахьмадан къамеле ладогIар.

Ичкерин арахьарчу гIуллакхийн министро Саиева Амната кечйинера Нохчийчоь йозуш йоцуш хиларца доьзначу юридикан гIуллакхашкахула йолу справка. Гулбеллачарна хьалха йистхуьлуш цо юха а дагадаийтира 1997-чу шарахь машаран барт бина хилар, Ельцин Бориса а, Масхадов Аслана а тIе куьйгаш таIийна болу.

— Масхадовс бартана тIе куьг таIош Ельцинна муха хетара Нохчийчоь? Оьрсийчоьнан дакъа дара иза я йозуш йоцу пачхьалкх яра иза?

— Ельцина шен куьг таIийра, Нохчийчоь йозуш йоцу пачхьалкх санна гойтуш долчу документана. Оцу бартана тIе куьг таIорца Ельцина даре дира Нохчийчоь йозуш йоцуш хилар. Амма тIаьхьо бомбанашца гайтира, Оьрсийчоь адамаш дайъа кийча хилар, демократи кхио кийча ца хилар. Шена тIе тидам бохуьйтуш шена дагадогIу цхьа хIума дийцира Черкасов Александара ("Мемориал" бакъонашларйон центран Кхеташонан гIанда ; Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн могIара язйина "Мемориал", амма цо тIе ца оьцу шена и статус – редакцин билгалдаккхар) шен вистхиларехь.

Вай кхета деза Нохчийчоьнан гражадийн юкъаралла карарчу хенахь ерриг а республикал арахьа хиларх

Цул хьалха къамел динчу Закаев Ахьмада дехар дира шега цхьа хIума тIетохийтахьара аьлла. Александр, вай цхьанаметтехь цхьаьнакхетаза даьлла 18 шо, элира цо. Вуьшта аьлча, 18 шо даьллачул тIаьхьа оха аьтто бира цу шиннан цхьана меттехь цхьаьнакхета.

Тхуна вуно мехала дара нохчийн проблемаш юьйцуш хилар, нохчий дакъалоцуш а болуш. Ас билгалдоккхур ду, нохчий-демократаш дакъалоцуш а болуш. Кхечу дешнашца аьлча, вай кхета деза Нохчийчоьнан гражадийн юкъаралла карарчу хенахь ерриг а республикал арахьа хиларх.

Нагахь вай буьйцурш нохчийн демократаш белахь, вай буьйцурш бу кхузахь, Европехь, вай цхьаьана даха кийча долу нах. Тхо кхузахь кийча ду царца Оьрсийчоьнан кхане кхолла, цхьа а шеко а йоцуш.

Гуриев Сергейс (политикан талламийн Паржерчу институтан экономикин профессор – Ред.) къамел дира Стигалкъекъа-беттан 8-хь тхан мероприяти дIаерзош хиллачу тIаьххьарчу тематикан дийнахь. Къамел дира иштта Волков Леонида а. Вуьшта аьлча, Навальныйн [оппозиционер Навальный Алексей] тобанан векалша а, махкал арахьа бехачу бевзаш болчу Оьрсийчуьрчу экономисташа а къамелаш дира кхузахь тхан майданахь.

***

Кавказ Реалиино хьалха хаам бина ма хиллара, тIаьхьарчу хенахь Европера сих-сиха дIахьежош бу, цигахь политикан мухIажарийн тховкъело лоьху нохчий. Царах цхьаберш тIепаза бов, кадыровхойн каракхаьчначул тIаьхьа.

Цу кепарчу тIаьххьарчу масаллах цхьаъ ду Нохчийчохь тIепаза вайна волу юкъаралхо Гадаев Мохьмад Францера дIахьажор. Ша араваккхале, иза интервью яла кхиира Кавказ.Реалии редакцина, ша Европехь нисваларх альцна.

Францехь болх бечу Iедалех йоцуш йоцучу вовшахтохараллаша масех кIира хьалха дIахьедар арахийцира, Iедалша Гадаевна депортаци ян бина сацам емалбеш. Оцу документана тIе куьйгаш таIийна "Нохчийчоьнан комитетан" а, Amnesty International вовшахтохараллан Францерчу декъан а векалша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG