ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Краснодар-махкахь полицин декъан куьйгалхочунна хан тоьхна кхаъ эцарна


Краснодар-макхарчу Новопокровски кIоштан полицин декъан куьйгалхо Кривошей Андрей бехкевина кхело боккхачу барамехь кхаъ эцарна. Оцу хьокъехь хаам бо махкарчу Талламан комитетан урхаллин пресс-векалто.

Талламан версица, 2019-чу шарахь полцин декъо тоьшаллаш гулдеш хилла меттигерчу вахархочо низамехь а доцуш дитташ хIаллакдарца доьзна айдинчу бекхтакхаман гIуллакхна.

Полисхо цхьаьнакхетта бехке лоручун вешица, 300 эзар сом лахь, цуьнан ваша таIзарх хьалхаваккха аьтто бу, аьлла.

Шеца дина къамел вукхо довзийтина къепе латточу хьукматашна. 2019-чу шеран Охан-беттан 25-чохь полицин декъан куьйгалхо цхьаьнакхетта цуьнца – ткъа бекхе вечо хьаькаман машен чохь дитина шега доьху ахча. Оцу хьолехь полицин куьйгалхо лаьцна Оьрсийчоьнан ФСБ-но.

Аппеляцин инстанцин кхело Кривошей Андрейна набахтехь луьрачу хьелашкахь яккха хан тоьхна 7 шо, гIуда доккхур ду цуьнгара 885 эзар сом. Цул сов дихкина полицин куьйгалхо лаьттинчунна кхаа шарахь хьаькаман даржехь болх бан.

  • Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь болх бинчу полковникна Шавлохов Вадимна 8 шо кхо бутт набахтехь такха къастийра кхело кхаьънаш эцарна. Талламо билгалдаьккхира цо 100 эзар долларх Къилбаседа ХIирийчуьрчу криминалан авторитетна Гагиев Асланна (Джако) цунна дуьхьал Iедалан хьукматаша гулйина информаци йоьхкина хилар.
  • Къилбаседа ХIирийчохь кхушара бехктакхаман гIуллакх айдина наркотикашна дуьхьалоечу декъан шина полисхочунна дуьхьал: БуьритIерачу яхархочуьнгара 500 эзар сом доьхуш хилла цара иза "бехктакхамах хьалхайоккхург". Низамо бехктакхаме лоруш дацахь а, "Лирика" молха цуьнгахь карорна ийзош хилла иза жоьпе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG