ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьабиб "UFC-н проект" ю, "Ахматан" векалца иза летарг цо доьхху ахча ло ша, боху Кадыровс


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Дагестанерчу спортхочуьнга Нурмагомедов Хьабибе, ша "муьлхха а гонорар" охьайилла кийча ву, иза "Ахмат" клубан векалца латахь, аьлла. И къамел цо дина шен инстаграмехь.

"Цо UFC чохь массо а эшийна, эшор вуй-те "Ахматехь" – иза хаттар ду. Со кхийча ву муьлхха а йозаллера спортхо дуьхьалхIотто, муьлхха а гонорар яла. Мел дезза ахча дала кийча ву со… UFC-но лучул дукха ахча дала кийча ву, нагахь санна иза "Ахматна" дуьхьал латахь, хьовсур вай мила тоьлу", – дIахьедина Кадыровс.

Нурмагомедов Хьабиб "дика спортхо" ву, амма иза "UFC-н проект" ю, Оьрсийчоьнан я Дагестанан байракхна кIел хIоьттина цкъа а ца летта иза, аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

  • 2020-чу шеран ГIадужу-беттан 24-чохь Нурмагомедов Хьабиба эшийра америкахо Гэтжи Джастин. Оцу толамо массо а дегIан йозаллин категорешлахь UFC-н тоьлла латархочун цIе кхачийра цунна. Оццу хенахь дIахьедира Хьабиба ша спорт юьтуш хилар.
  • Кхушеран Зазадоккху-баттахь Хабиб, цо шен карьера ерзорца доьзна, ваьккхина UFC-н массо а рейтингашкара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG