ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Марханаш достуш бу тахана бусалба нах


Дуьненан массо а меттигашкара бусалба нах бу Рамадан бутт боьрзуш догIу Ид ал-Фитр (Марха досту де) даздеш. Оьрсийчоьнан бусалбанийн а, муфтийн кхеташонан а урхаллин хьалханчас Гайнутдин Равила декъалбина бусалбанаш, кхушара, коронавирусца доьзна, бахархошна шо аттачех хилла дацар билгал а доккхуш.

"Кхобуш марханаш а долуш, вай къийсам латтийра бIеннаш эзарнаш синош дIадаьхьначу, миллионийн могашаллах хьакхаделлачу уьнца. Вай АллахIе доьху COVID-19 бахьанехь белла вешан вежарий шахIидийн могIара бахар, уьш Ялсамане кхачор, - боху ша бусалбанашка дечу къамелехь муфтийс.

Кхушара – дIадахначу шарца дуьстича – диллина хир ду маьждигаш, амма коронавирусца доьзна муфтийс доьху бусалбанашка, алсам ца гуллуш, гергарчийн гонашкахь марханаш дастар.

Дагестанан Роспотребнадзоро дехна бераш сагIийна мерзалгаш гулъеш кIезиг лелийтар, Далла Iамал ечу меттигашкахь масканаш лелор, дистанци кхабар, 65 шарал сов хан йолучаьрга цIахь совцар.

Нохчийчохь кхо де лору деза, уьш балхах мукъа ду. Ткъа Дагестанехь еарий, пIераский къастийна мукъаденош. Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а мукъаде тахана бен дац.

  • ГIурбанал тIаьхьа шолгIачу меттехь лору дозаллица Марха досту де. Мохьаммад Пайхамара 624-чу шарахь хIоттийна ларалуш ду и де. Рамадан баттахь кхаьбна марханаш дерзош даздарш дIахьо бусалбанаша оцу а, цул тIаьхьа догIучу масех а дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG