ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Израилан эскарша йоккха операци дIаяьхьна ХЬАМАС-на дуьхьал


Израилан авиацино а, гIаш-эскарша а 2014 шарера схьа уггаре йоккха лору операци дIаяьхьна Газа секторехь радикалийн ХЬАМАС тобанна дуьхьал. Оцу хьокъехь хаам бина Израилан тIеман урхалло.

Операцехь дакъалаьцна 160 кемано. 40 минотехь цара тохарш дина I50 меттигна. Iалашоне эцна хилла ХЬАМАС тоба къайлайолу а, дIасалела а тоннелаш.

Эскарш ца девлла Газа секторан лаьтта тIе. Израилан тIеман ницкъийн векала дIахьедина, лаьттахула операци дIаяхьа кечлуш ду эскар, аьлла, амма ца хаийтина цуьнан башхаллаш муха хир ю.

Хаам шорбеш бу

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG