ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанерчу спортхоша "Москва-Сити" комплексехь герзаш кхийсар теллина


Латархойн "Скорпион" спортклубан декъашхой хилла Исмаилов Мохьмад а, Хамидова Эльдар а бехккъасторхойн коллегино бехке лору 2017 шарахь "Москва-Сити" куьпахь герзаш кхийсарна. Пресненски кхелан пресс-векалтанна тIе а тевжаш, иштта хаам баржийна ТАСС агенталло.

Харцхьа лелаш, леташ Исмаиловс герз юкъадаккхар, шиъ а, цул сов а адам ден гIортарна, герз лачкъорна, низам а дохош, иза лелорна бехке во иза. Хамидовна а къастийна изза бехк, амма цуьнгахь хилла дац герз, билгалдаьккхина кхелахоша.

РогIерчу ладогIаршкахь, Стигалкъекъа-беттан 17-чохь, кхело луьстур ду бехккъасторхойн вердикт, прокуроро кхайкхор ю царна тоха еза аьлла хета хенаш, адвокаташа далор ду шайн далилаш.

Талламан версица, "Москва-Сити" комплексан дайх цхьаъ ларвеш болх бечу Исмаиловс, дагестанхойн тобан коьрте а ваьлла, летта Росгвардин белхахойх. Герзаш кхуьйсучохь царех цхьаъ лазийча, цуьнгара герз даьккхина хилла Исмаиловс, боху талламчаша.

Прокуратурин версица, Хамидов Эльдара "жигара хьийзина латар марсадоккхуш", цул тIаьхьа герзаш кхийсина гIишлош чохь а, арахь а. Адвокаташа бакъ ца до иза.

  • Бизнесменан Павлов Дмитрийн 50 шо кхачар даздечу барамехь дов иккхира, герзаш а детташ. ЙоьалгIачу гIатта тIехь лаьттачу ресторане веана вара 250 хьаша, хила езаш яра Оьрсийчуьрчу артистийн а, Cirque du Soleil тобан а концерт.

  • Чиллан-баттахь кхаа баттанна лецира Оьрсийчоьнан кикбоксинган чемпион Асадулаев СаIид, герзаш кхуьйсучохь дакъалацарна бехкево иза а.

  • 2019-чу шарахь талламча Агаджанян Левон а, цуьнан ялх белхан накъост а дIавелира Талламан комитетерчу даржашкара. РБК-но иза дуьйзира цара довъэккхарна Росгвардин векал бехкеварца, хIинца кхеле ийзийнарш бац конфликт яьккхинарш чIагIдарца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG