ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Евкуровс ша туьйхира зIе". Хьанна оьшу ГIалгIайчохь тIеман полигон яр?


Евкуров Юнус-Бек
Евкуров Юнус-Бек

Оьрсийчоьнан тIеман министралла дагахь ю ГIалгIайчохь Сунжан-кIоштахь тIеман полигон ян. Дуьйцург ду, Нохчийчоьнан дозанца долу ялх сов эцар гектар латта. Цу тайпа объект йилла хилаш хиларо эргIаъяхийтина ГIалгIайчоьнан юкъаралла.

Меттигера бахархой саготта бу цу хьокъехь экологина кхерам болун дела. Цул сов полигон йийр йолу территори, тайпийн Кхетагшоно, дIахьедарехь, "юьзна ю архитектуран а, археологин а эсаллех (памятники)". Кхин цхьа аргумент ю полигонна дуьхьал – ГIалгIайчоь ишта а бала хьоьгуш ю латта ца хиларна, Оьрсийчохь уггар жима субъект хиларна (аннекси йина Севастополь гIала дIаяьккхича).

Кавказ.Реалиин редакцино хаттарш динчу эксперташа дуьйцу, танкийн тIеман дакъош доцучу районехь танкийн полигон яр "тамашийна" идей ю бохуш. Амма ТIеман министралла юхаяла дагахь яц. Иза реза хилла цхьана декъана жимъян тIеман объектан территори – 7,8 эзар гектарна тIера 6,3 гектарна тIекхаччалц.

Йоккха полигон жимачу ГIалгIайчохь

Сунжан-кIоштахь тIеман полигон яро дIайоккхур ю гIалгIашкара вуно мехала территори, иза дан мегар доцуш хIума ду республикехь латта кIезиг хиларна, билгалдоккху археолого Мамилов Руслана. Цо дийцарехь, саццаза дIахьуш йолчу контртерроран операцеша а, йоцучу инфраструктуро а аьтто ца бора буьззинчу барамехь талла а, дахарна тоян а, танкийн полигонна дIалуш йолу территори.

Нагахь иза рогIера гIашсалтийн полк ялахь, цигахь танкийн батальон хила еза, амма иза маьIна доцу хIума ду – цхьа батальон бахьана долуш полигон яр

Кхушара Охан-беттан 15-хь гIалгIайн археологаша экспедици йира полигон хир йолчу метте, цигахь царна карийра "башха историн вуно мехала йолу" лаьттан бухулахь йолу склепаш а, ткъа иштта инзаре йоккха, тIулгийн яшканех а, катакомбех а льатта юккъерчу бIешерашкара некрополь а. Цуьнах лаьцна Кавказ.Реалиин коррепонденте хаам бира цига вахана лела йолчу тобанан декъашхочо Гадиев Умалата.

Оцу экспедицина юкъахь хиллачу Мамилов Руслана дийцира, и меттиг, ма-дарра аьлча, теллина цахилар а, амма цара теллинчу территори тIехь Дашо Ордан хенара склепаш карийна хилар а, ГIалгIайчохь кхин цхьанха а йоцу. Цунна хетарехь, иза вуно йоккха историн ч1ор ду, дикка талла дезаш долу.

"Лаьттан чIор хица дIадаьккхича ган аьтто бу кхийра пхьегийн дакъош, хIусамехь оьшу гIирс", - дуьйцу ГIалгIайчохь полигон хир йолчу меттехь хиллачу, цигахь дуккха а суьрташ даьхначу журналисто Корнилова Дарьяс.

Цо чIагIдарехь, археологин мехалла хилла ца Iаш, цигахь ю ша-башха Iаламан комплекс: "Танканаш хоьхкуш тIеман Iамораш дIадахьаро а, герз кхиссаро а йохор ю экаме Iаламан баланс. ГIовгIа хиларна а, ца евза хьожанаш яржарна а, шайн территорин доза дохорна а цигара дIагIур ду дийнаташ, ткъа оцо Iаткъам бийр бу ораматийн дуьненна. Биологин баланс дикачу агIор хийцалур яц", - боху Корниловас.

Цо иштта билгалдаьккхира, цигахь экологин бохам хила мегаш хилар, нагахь консерваци йина лаьтта шеца тIехсов сероводород долу мехкадаьттан буруш меттахдахахь.

Полигон ярна дуьхьал ву гIалгIайн адвокат, юкъараллин жигархо Беков Мохьмад. Цо кхайкхам бина тайпийн Кхеташоне, иза ца хилийта далуш дерг дерриг а де аьлла. Къоноша жоп делира дукха сиха. Стигалкъекъа-беттан 10-хь цара кхайкхам бира Оьрсийчоьнан тIеман министре Шойгу Сергейга, тIеман полигон ян бина сацам юхабаккхар доьхуш, ГIалгIайчохь латта кIезиг хилар а, къастийна территор археологин агIор мехалла хилар а билгалдоккхуш.

Хьанна еш ю?

Республикехь полигон еш ю аьлла ши шо сов хьалха дIахьедира оцу хенахь ГIалгIайчоьнан куьйгалхо хиллачу, ткъа карарчу хенахь тIеман министран когаметта волчу Евкуров Юнус-Бека. Цунна реза яцара юкъаралла, ишта а Iедална дуьхьалъяьлла йолу ГIалгIайчоьнна а, Нохчийчоьнна а юкъара доза къастош бина барт бахьана долуш.

ГIалгIайчоьнан бахархоша бехке дира республикан куьйгалла низамца богIуш боцу барт бина аьлла, 24 эзар егктар латта луларчу Нохчийчоьнна дIа а делла. Полигон ярна кхин а латтанах ер яра республика.

Евкуров Юнус-Бек
Евкуров Юнус-Бек

"Фортанга" зорбан гIирсо довзийтинчу документца а догIуш, 2018-чу шарахь ГIуран-баттахь Къилбан тIеман гонан буьйранчо Дворников Александара дехар дина хиллера Евкуров Юнус-Беке Сунжан-кIоштахь 9 эзар гектар барамехь лаьттан дакъа тIеман хьашташна билгалдаккхар доьхуш.

Документехь аьлла ду "Троицкий полигонан Iаморан-хIумаллин базано аьтто ца бо дикаллица а, кхерамазаллан билламаш ларбеш а танканашна а, тIеман гIашсалтийн машенашна а тIехь долу герз кхисса а, тIеман дакъоша дакъалоцуш тактикан Iамораш дIадхьа а".

Цу тIе, нагахь дуьххьара документехь юьйцург гIашсалтийн рота дIатаръян лерина полигон хиллехь, ткъа хIинца, республикерчу "Сердало" газето бинчу хаамца, планехь ду билггал танкийн полигон яр. Болчу хаамца, Троицкая эвлара №64670 тIеман дакъа, цхьана декъана дIасадекъна ду.

И хаам тIечIагIбира Кавказ.Реаллин хьастано. Цо дийцарехь, цхьаболу эскархой армера дIабаьхна, кхиберш дIасахьажийна луларчу республикашкахь долчу эскаран кхечу дакъошка.

Полигонца йоьзна тема дIатийра 2019-чу шарахь аьхка Евкуров Юнус-Бека ГIалгIайчохь хилла дуьхьалонан акцеш бахьана долуш шен дарж дитинчул тIаьхьа. Дуккха болу Нохчийчоьнца барт барна а, полигон ярна а дуьхьал бевлла хилла жигархой дIалецначул тIаьхьа, уьш чубоьхкина латто ду 2 сов шо.

Полигон йоккха мел хуьлу а ахча алсам хуьлу

Журналистана, тIеман теманан говзанчана Гольц Александрана ломан-хьаннан меттигехь танкийн полигон ян йолу идей мел лаххара а тамашийна хета – республикехь танкийн дакъош цахилар, ткъа йолу артиллерин бригада (№64670 тIеман дакъа) дIасаяьккхина хилар, тидаме эцча муххале а.

"Эскархойн лигика атта ю: техника гена ца текхо, полигон ер вай тIеман декъана гергахь. Амма кхузахь иза кхин а тамашийна ду. Иза ду Iаморашна оьшу техника оцу полигоне текхор ю кхечанхьара а бохург. Хьовса деза лулахь лаьттарг хIун полк ю. Нагахь иза рогIера гIашсалтийн полк ялахь, цигахь танкийн батальон хила еза, амма иза маьIна доцу хIума ду – цхьа батальон бахьана долуш полигон яр", – бохуш вара Гольц Кавказ.Реалиина ша йинчу комментарехь.

Евкуровс, ша телефон а тоьхна, къоршаме къамел дира, "хьайн доцчу гIуллакхана "юкъагIерташ ву хьо" аьлла

Оццу хенахь цо билгалдаьккхира, латтанаш ТIеман министраллан объект ян дIадала сацам бина Евкуров тIеман гIуллакх дика хууш хилар. ТIеман экспертана хетарехь, ГIалгIайчоьнан хилла куьйгалхо тахана коьрта ву (Оьрсийчоьнан армин) тIеман кечам барехула: "Ерриг а маневраш а, Iамораш а, шайна юкъахь полигонашкахь кечамаш бар а долуш, цо лелош ду. Шен цхьа бахьанаш хила а мега цуьнан, и полигон кхолла".

Карарчу хенахь ГIалгIайчоьнан куьйгалхо волчу Калиматов Махьмуд-Iелина гонерчу хьастано тIечIагIдира Кавказ.Реалиига, тIеман полигон яр жигара чекхдаккха гIерташ хилар билггал Евкуров Юнус-Бек. Гарехь, цуьнан барам хIинца хьехош берг хилийта гIерташ а ву иза.

"[Къилбаседа Кавказан тIеман гонан буьйранчо Юрий] Гетмановс аьлла, ша ТIеман министралле кехат хьажийна, Калиматовн дехарца аьлла. Амма тIаьхьо хиира, Евкуровс Гетмановга телефон а тоьхна къоршаме къамел дина хилар – хьайн доцучу гIуллакхана "юкъагIерташ ву хьо" аьлла. Полигон йоккха мел хуьлу а, иза ян дукха ахча хьажадо, кхетийра Кавказ.Реалиин хьастано.

"Цхьа а хIума а йийр яц. Уьш туьйранаш ду"

ГIалгIайн юкъаралла карзахъялар бахьана долуш полигон яр хьокъехь Калиматов цхьаьнакхийтира ТIеман министраллан векалшца. Республикан куьйгалхо довзийтира латтаца йоьзна юкъаметтигаш регионехь вуно ира тIеоьцуш хилар. Оццу хенахь, Калиматовс дIахьедира, пачхьалкх а, мехкан суверенитет а ларъян, пачхьалкхан дозанаш лардарна оьшург уггар коьрта хилар.

Iедало шен лаамехь ерриг а йолчу проблемашна юкъара меттигерчу историн эсалшца йоьзнарг хаьржина, кхийолу дуккха а мехала проблемаш а йитина

"Реликтан хьаннаш хьокхур яц латтанах пайда оьцуш. Ерриг а зIена чIургаш йолу техника дIакхачор ю киралелочу машенашца, некъашна а, ландшафтна а зен дийр дац. ТIеман техника ярташкахула леларца я кхечунца бIегIийла доцург а хир дац", - бохуш вара кхеташонехь дакъалаьцна ТIеман ницкъийн векал Иванов Игорь.

Археологех лаьцна аьлча, полигон хир йолчу территорина тIехь оьшуш болу талламаш дIабахьа дагахь ду Iедалш. Амма историн а, куьлтуран а мехаллаш цигахь хилар тIечIагIдахь а, полигон ца еш юьтур ю бохург дуьйцуш дац.

"Тамашийна дерг ду, Iедало шен лаамехь ерриг а йолчу проблемашна юкъара меттигерчу историн эсаллашца йоьзнарг хаьржина хилар, кхийолчу дуккха а мехала йолу проблемашна бIаьргаш а хьулбина. Латта кIезиг хиларца доьзна хаттарш, экологи бехъяр, Iалам хIаллак дар, ткъа коьртаниг полигонна гергахь йолчу яртийн дахар, актуалан дуьсур ду (археологин) ахкарш дIадирзича а", - боху археолого Мамилов Руслана.

Цо дийцарехь, кхочуш янза юьсуш ю архитектуран эсаллийн а, дуккха а кешанийн а проблема, уьш оцу меттиган ландшафтера дIадахьа йиш йоцуш хиларна.

"Хаамийн агенствоша яздечуьнга хьажча гуш ду, Iалам лардан декхарш полигонан куьйгаллина тIедехкина хирг хилар. БIостаналла: эсаллаш ларйир ю, шайх уьш ларъян езачу наха", – латкъамаш бо Мамиловс.

Ца теша Iедалша дошдаларх археолог Гадиев Умалат а: "Газеташа яздечуьнга, социалан машанашкахь яздечуьнга хьоьжу со. Цигахь дуккха а яздо, полигон хир йолчу территорина археологин ахчарш дIахьура ду бохуш. Цхьа хIума дийр дац. Уьш туьйранаш ду".

Гадиевна хетарехь, ТIеман министралло "цхьа сом а лур дац, оцу Iалашонна", ткъа республикан бюджетера хьажийна ахча дац иза дан.

Журналиста Корнилова Дарьяс шен агIор билгалдоккху хир йолчу полигонна уллехь йолчу яртийн бахархой кхоччуш кхеташ цахилар шайна тIейогIучу катастрофан масштабах.

"Ерриг а шайн дахаран кеп хийца дезар ду церан. Церан аьтто хир бац хьонка лахьо, ткъа царах дукхаха берш оцу цхьана рицкъах хене бовлуш бу. Даьхни латто йиш хир яц цера, иза дажа оьшуш йолу территори дIалаьцна хир йолун дела. Муха, хIун юуъур ю оцу наха? Цуьнца цхьаьна болх цахиларан тIега ГIалгIайчохь уггар лакхарчерах ду", - дуьйцу журналиста.

ТIеман полигон ян лерина меттиг, ГIалгIайчоь
ТIеман полигон ян лерина меттиг, ГIалгIайчоь

Стохка ГIалгIайчоьнах уггар хьалхара регион-банкрот хилира Къилбаседа Кавказан федералан гонехь. Республикан бюджетца долу хьал телхира, Москва юкъагIорта а дезаш. Финансашца доьзна хьал вон хиларна, меттигерчу Iедалша дитира керла футболан стадион ян гIертар а. Мел ахча дайъа дагахь ю ТIеман министралла тIеман полигонна официалан кепара дуьйцуш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG