ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь велла уьнах 25 стаг. Цомгуш хилла кхин а 276


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 25 пациент, цомгуш хилла, официалан терахьашца, кхина 276 вахархо.

Уьнах Краснодар-махкахь 11 велла, Ставропол-махкахь – 5, Кхарачой-Чергазийчохь, Къилбаседа ХIирийчохь, Адыгейхь – шишша, Дагестанехь, ГIалмакхойчохь, ГIебарта-Балкхаройчохь – цхьацца. Пандемин муьрехь верриг а COVID-19 цамгарх велларг ву Къилбаседа Кавказехь 9 625 вахархо.

Дийнахь-буса уггаре дукха хаабелла ун кхеттарш Краснодар-махкахь, массанхьачул кIезиг бу иштанаш Адыгейхь а, Нохчийчохь а.

  • Краснодар-мохк +96 (46 834 пандемин ерииг а хенахь )
  • Ставропол-мохк +54 (53 781)
  • Дагестан +41 (32 962)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь +19 (24 055)
  • ГIалмакхойчоь +14 (20 602)
  • Кхарачой-Чергазийчоь +14 (20 235)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 10 (16 861)
  • ГIалгIайчоь +10 (15 587)
  • Адыгей + 9 (14 539)
  • Нохчийчоь + 9 (12 131)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь коронавирус кхетта хаавелла 257 587 стаг. Оьрсийчохь Стигалкъекъа-беттан 14-чу денна и терахь ду, официалан информацица, 4 922 901.*

*Оьрсийчоьно шен статистиканна юкъаузу аннекси йинчу ГIирмера ун даларх долу терахьаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG